2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Нохчийчоьнан халкъо дерригхалкъан референдумехь тIеийцира республикин керла Конституци а, иштта, Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь долу законаш а.
Оцу дийнахь тIеэцначу Конституцица ехаш ю тIаьхьарчу 15 шарахь республика а, халкъ а.
Керлачу Конституцин проектан автор а, и дерригхалкъан референдуме яккха сацам бина а волчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дуккха а гIоьнчаш а, бIанакъостий а бара оцу муьрехь. Царах цхьаъ вара Цамаев Абуязидан Мовсар.
Абуязидан Мовсар тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентан Рамзанан бIанакъост а, Кадыровн командин ветеран а хилла ца Iаш, Россин Налогийн службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам а ву.
Республикин Конституцин 15 шо кхачарца доьзна, цо интервью елира Нохчийн къоман «Даймохк» газетана.
– Мовсар, хууш ма-хиллара, 15 шо хьалха, хIокху беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьначу референдумана кечамаш барехь дакъалаьцна ву хьо. Цунах лаций дийцахьа тхуна.
– Хала а, къиза а хан яра иза нохчийн халкъана – саьлнашкахь Iохкуш яра вайн мехкан гIаланаш а, ярташ а.
Яцара экономика, промышленность, иштта, культурин, дешаран а, юьртабахаман, могашалла Iалашъяран дакъош а дацара болх беш.
Адамийн бакъонаш ларъяр-м хьехор а дац – цхьана агIор вайн халкъах болчу зуламхоша а, вукху агIор федералаша а хьийзош бара бахархой а, дерриге а халкъ а.
Оцу муьрехь, Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хилла сацам бара республикин керлачу Конституцин проект кечъян а, иза дерригхалкъан референдуме яккха а.
Цо и проект а хIоттийра, лерринчу комиссеша иза къобал а йина, референдуме яккха пурба а делира, референдумехь халкъо и тIе а ийцира.
– ХIунда ийцира те Мовсар, халкъо и тIе? ТIамо кIаддинчу, гIелдинчу халкъана хIун сатийсам бара цуьнца боьзна?
– Суна хетарехь, иза тIе ца оьцийла дацара, хIунда аьлча, цу тIехь нохчийн халкъо даима а сатийсинарг дара – нохчийн халкъ шен махкахь «да» хилар, Нохчийчоь нохчийн къоман пачхьалкхалла хилар, нохчийн мотт пачхьалкхан хилар, дин лело маршо хилар, и.дI.кх.а.
– Республикин Конституцин 15 шо кхачаран денна лерина хIун дан дагахь ю ахь куьйгалла деш йолу ведомство?
– Оцу денна лерина «йиллинчу неIарийн де» дIадахьа лерина ду тхо кIошташкахь мел долчу дакъошкахь: республикин муьлххачу а вахархочун йиш хир ю оьшург хатта а, оха бечу балхе хьажа а.
Вуьшта, оцу дийнан мехаллах лаьцна дуьйцуш, ведомствон белхахошца цхьаьнакхетарш дIадахьа дагахь а ду.
Цхьа а къайле яц, референдумехь Конституци а, Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь долу законаш а тIеэцначул тIаьхьа, республикехь, кхачам боллуш, шайн болх дIаболийначу хьалхарчу ведомствошна юкъахь Налогийн служба а хилла хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо