Цхьана дийнахь мукъане а, машенаш цIахь йита

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхаарин де гIаш балха дIавахарца дIадолийра. Балха кхаччалц бинчу некъах а, гинчух а, хетаделлачух а лаьцна дийцира цо Mylistory чуьрчу шен агIонехь.

«Соьлжа-ГIалахь денна а алсамъюьйлуш ю машенаш. Массо а цхьанхьа сиха ву. ХIоранна а лаьа машенахь ваха, ша арабаьккхина некъ гена бацахь а. Цуьнан ойланаш еш а волуш, суна а дагадеара – машенаш цIахь йитаран де дIакхайкхон. И гIуллакх сайна тIера дIадоло лиира суна. Iуьйренца, кеч а велла, гIаш вахара со балха», – яздина цо.

Балха дIакхаччалц гуонахара адамаш а, хьал а шен телефона тIе а доккхуш, ойланаш а йовзуьйтуш, некъ бира Кадыров Рамзана.

«Айса бина некъ видеоца дIаязбира ас. Мобилан репортер сайх муха хуьлу хьожуш вара со. Къаьсттина суна хазахийтира гIала шен хоршахь ехаш хилар, кхерам а, сагатдан хIума а цахилар. Шайн-шайн гIуллакхашна арадевлла дуккха а адамаш дара урамашкахь. Салтийн барзакъ дуьйхинарш а кIезиг хаабелира. Маьрша ду гIалара дахар. Бехнарш а бац, урамашкахь деш зуламаш а дац. Адамаш вовшашна дезаш а, дахарх даккхийдедеш а ду», – тIетуьйхира республикин Куьйгалхочо.

Иштта цо билгалдаьккхира некъаца шена дуккха а дика нах гина хилар.

«ЧIогIа хазахийтира бахархоша вовшашна новкъарлонаш еш цахилар а, догцIена хилар а. Курткин кач хьалатоьхна хиллехь а, бахархошна а, хьешашна а со вевзар волуш хиллера – тIе а богIуш, могаш-паргIат а хоттуш, «Де беркате хуьлийла» а олуш бара уьш. Къайлах сайга некъ балург цахилар гучуделира! Дуккха а дика, хазахетаран а дог-ойла хилира сан. И мел дерг со гIаш балха вахарца доьзна дара», – яздина Кадыров Рамзана.

Цхьана денна мукъана машенаш цIахь а юьтуш, балха а, шайн гIуллакхашка а гIаш гIо аьлла, кхайкхам бира Куйгалхочо республикин бахархошка.

«Цхьана дийнахь машенаш цIахь а йитина, балха а, вайн гIуллакхашка а вай гIаш дIасадолхахь, сарралц дика дог-ойла а, дегI меттахдаккхар а хир ду! Цу тIе, хIаваъ бехдар а лахлур ду, кисанара сом кхоор а хир ду! Цундела, ас кхайкхам бо республикин бахархошка: цIахь йита машенаш, цхьана дийнахь мукъана а гIаш балха а, шайн гIуллакхе а гIуо! Сох масал эца! Цунах пайда хIоранна а, вайн массарна а хир бу! Ткъа шаьш, машенаш цIахь а йитина, гIаш беш болу некъ социальни сеташкахь бовзийта хIокху хештегашца – #ХодПешком #Кадыров #Россия #Чечня», – кхайкхам бира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

И.ИСЛАМОВ

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: