Эланукаева Разет – къоман «Шеран зуда» совгIатан толамхо

Веданан кIоштарчу МахкатIера яхархо Эланукаева Разет Волгоградан областехь Iаш ю.

Оцу областехь дIакхайкхийна хиллачу «Шеран зуда» къоман совгIатан «Ноналла» номинацин толамхо хилла иза.

Конкурсехь дакъалаца чуелларг 200 гергга заявка яра. Хьалхара, схьакъасторан тур областан кIошташна юкъахь хилира.

Финале яьллачу 33 зудчунна юкъахь Разет а яра. Ткъа шолгIачу турехь экспертийн жюрис оцу 33 финалистана юкъара уггаре а тоьлларш хьаьржира.

ШолгIачу туран 11 номинаци яра: «Ноналла», «Медицина», «Дешар», «Социальни лардар», «СМИ», «Промышленность», «Экономика», «Юьртан бахам», «Культура» «Социальни хьаьрма», иштта дIа кхин а.

Разета дийцарехь, церан доьзало дуьххьара дакъалоцуш дац кIоштан а, областан а тIегIанехь хиллачу конкурсашкахь.

– ДIадаханчу шарахь тхан доьзал Ерригроссин «Шеран доьзал – 2017» конкурсан лауреат хилира «Дукха бераш долу доьзал» номинацехь.

ЦIийндеца 7 бер кхиийна ас. Уьш нохчийн гIиллакх-оьздангаллица кхио а хьаьжна. Царах 6 доьзалхо лаккхара дешар дешна а, дахаран а, къинхьегаман а некъ карийна а ву.

2015-чу шарахь Волгоградан областан куьйгаллин сацамца «Ненан сий» орден елира суна, – дийцира Р.Эланукаевас.

«Шеран зуда» къоман совгIатан конкурс кху шарахь дуьххьара дIаяьхьира Волгоградан областехь. Оццу областан Зударийн союзо вовшахтоьхнера иза.

«Шеран зуда» къоман конкурсан толамхошна совгIаташ дIадаларан даздарш Волгоградехь концертан залехь дIадаьхьира. Толамхошна ахчанца совгIаташ дира.

– Бакъдерг дийцича, со тешаш яцара со финале ер ю бохучух. Сайх дог лезначарна а, сайна гIо динчарна а баркалла ала лаьа суна – элира Р.Эланукаевас.

З.ХИЗИРОВА

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: