Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Великобританин Премьер-министра Мэй Терезас хIокху деношкахь питане дIахьедар дина Лондонера Россин 23 дипломат аравоккхург хиларан а, Россица йолу зIенаш хедориг хиларан а хьокъехь. Цо дийцарехь, иштта дIахьедар дар доьзна ду Россин ГРУ-н белхахо хилла волу Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI Юлияй а дIовш даьлла кхалхарца а, (цхьа а тоьшалла а доцуш) Россин леррина службаш цунна бехке хетарца а. Вайн Мехкан МИД-н векалша дIахаийтина Ингалсан Iедало Россина дуьхьал дина цхьа а гIуллакх хьокъала доллу жоп ца луш дуьтург цахилар.
***
Герзаш деттар сацорах а, гуманитарни гIо дарна некъаш маьрша дитарх а пайда а эцна, Малхбален Гутерчу Дума гIалара араваьлла 500 гергга маьрша стаг. Кхаарин дийнахь (бекарг беттан 16-гIа де) араваьлларг 49 стаг ву. Иштта, цигара арабовлуш бу цхьаболу террористаш а. Уьш «Джебхат-ан-Нурса» организацерчу гIеранаша маьршачу нахана дуьхьал деш долчу зуламашкахь дакъалаца ца лиънарш бу.
***
Iамарк а, цуьнца барт хилла йолу пачхьалкхаш а Шемина дуьхьал доккха питана дан кечлуш ю, химин герзех пайда а оьцуш. Цуьнца доьзна Россин тIеман куьйгалло дIахьедина Дамаскана тохар дича могуьйтург цахиларан хьокъехь а, цунна дина зулам луьра жоп ца луш дуьтург цахиларан а хьокъехь. Шемин пачхьенна бомбанаш а, ракеташ а етта цхьа а бахьана дац.
***
ОвгIанан къилбехь боккха некъан-транспортан бохам хилла. Цигахь 17 стаг кхелхина, 24 стаг лазийна. Кхин а боккха бохам хилла Эфиоперчу цхьана ламанан некъаца. Пассажирех йоьттина йолу автобус басах чуяхана. Цу тIехь хиллачарна юкъара 40 стаг кхелхина. Оцу бохамашца доьзна бакъонашларъяран органийн векалша дIахьош талламаш бу.
***
ГIажарийчохь ширачу заманашкахь дуьйна даздеш ду цIеран де. ХIора шарахь бIаьстенан юьххьехь цунна лерина фестивалаш дIахьо. Иштта, хIокху шарахь и фестиваль дIахьочу хенахь, адамаш чучча гIоьртинчохь, 3 стаг кхелхина, 400 гергга стаг лазийна. Цу тайппана бохам хиларан бахьана къастош талламан белхаш дIаболийна бакъонашларъяран органаша.
***
Хонкаран эскарш Шемарчу Афринехь болчу курдийн гIаттамхошна гуо лаьцна довлуш лаьтта. Иштта хаам бинчу Хонкаран тIеман куьйгалло чIагIдарехь, гуо лаьцна баьллачул тIаьхьа, дахлур дац курдийн дуьхьало кагъяр а, уьш хIаллакбар а, я йийсаре балор а. Оцу тIамехь курдийн гIаттамхой хIаллакьхилла ца Iаш, бIеннаш маьрша нах а хIаллакьхуьлу. Хетарехь, иза хьесапе оьцуш а дац.
***
Казахстанан а, Таджикистанан а куьйгалхоша тIаьхьарчу шерашкахь беркате гIуллакхаш до шина пачхьалкхан юкъаметтигаш а, зIенаш а, уьйраш а чIагIъярехь. Цуьнга хьаьжжина алсамдолуш ду цара экономикин, культурин, кхечу дакъошкахь цхьаьна деш долу гIуллакхаш. Масех де хьалха шина пачхьалкхан правительствийн куьйгалхоша куьйгаш яздина дозанех бахархой дехьа-сехьа бовлар аттачу даккхаран хьокъехь болчу бартана.
***
Россин Президента В.Путина Германин Канцлер А.Меркель декъалйина юха а мехкан Правительствон куьйгалле харжарца. Декъалдаран телеграммехь Россин Президента билгалдаьккхина дуьненаюкъарчу хьаьрмахь Россис а, ФРГ-с а цхьаьна, бертахь гIуллакхаш дар Iаламат мехала хилар. Билгалдаккха деза А.Меркель Германин Канцлеран дарже Бундестаго хIинца доьазлагIа хаьржина хилар.
***
ХIокху деношкахь Симферополехь а, ГIирмера тIай дечохь а хилира Россин Президент В.Путин. Иза хьаьжира тIай даран белхаш муха дIахьош бу. Къамелаш дира белхалошца а. Цара мехкан куьйгалхочуьнга дийхира тIай дIадоьллучу даздаршка вар. Ткъа иза схьаделлар хIокху шеран хIутосург (май) баттахь хила тарло. Хьаххийначуьра аьлча, тIай тилла долийна 2016-чу шарахь. Иза 19 километр деха ду. Европехь дац цул деха а, доккха а тIай.
***
Россин Харжамийн коьртачу комиссехь бечу хаамашца мехкан Президентан харжамашкахь хенал хьалха кхаж таса бакъо йолчарах 100 эзар гергга стага кхаж тесна хIинцале а. Хенал хьалха кхаьжнаш тасар тахана а дIахьош ду Вьетнамехь а, Iамаркехь а, Беларусехь а, ткъа иштта, Генарчу Малхбалехь а, кхечанхьа а.

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: