Республикехь дӏабуьйлабелла Россин Федерацин Президентан харжамаш

Нохчийчоьнан Харжамийн комиссис баржийначу хаамца нийса а догӏуш, Россин Президентан харжамашкахь кхажтасаран ӏалашонца баьхкинчу бахархошна неӏарш схьайиллина харжамийн 475 участкехь, шайх 21 — ханна йолу участок, 12 — эскарийн дакъошкахь, 8 — больницашкахь, 1 — Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу СИЗО-хь а йолуш.
Харжамийн мел йолчу участкашкахь телефонан зӏе а, бахархошна (заьӏапхошна мел оьшуш долу хьелаш а кхоьллина) кхажтасарна мел оьшуш болу гӏирсаш а, оьшуш хилахь а аьлла (резервана), тоькана генераторш а йолуш ю.
Карарчу шеран бекарг (март) беттан 17-чу денца нийса а догӏуш, республикехь, кхажтасаран бакъо йолуш 708 450 вахархо ву, шайх 25 938 тахана дуьххьара кхажтаса а вогӏур волуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: