Нохчийн кхерч ган лаьа

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Дуьненахь дика вевзачу Францин яздархочо Антуан Экзюперис «Жима Эла» дийцарехь къеггина гойту адамо шегахь товш йоцу мекарло лелор бахьанехь цуьнан сий лахдина меттигаш.

Масала, цо боху: «Тамашийна адамаш ду-кх хьуна и баккхийнах. Ахь дIогахь, цхьанхьа цхьа цIа ду, шена гуонаха заIар хIоттийна, хаза зезагех яьккхина уьйтIе йолуш, са малха доккхуш, малхе маршалла хаттал шуьйра, хецна ученаш а йолуш  ду алахь, иза иштта муха хир дара техьа аьлла, сурт ца хIоттало цаьрга, амма ахь цаьрга, духкуш 100 эзар франк доьхуш доккха цIа ду олий, цхьа а хало йоцуш, цуьнан васт бIаьргашна дуьхьал хIутту царна. Массо  а хIума ахчанца дуста Iемина бу-кх и  баккхийнах».

Вуьшта, баккъал а хIун  доьхур дара техьа, гуонаха юьйцина керт а йолуш, уьйтIахь таьIна-баьццара бай а болуш, учахь йоьгIна утармаш а  йолуш, чохь товха, дечиг маьнга, цIенкъа тесна истанг долуш, хаза, оьзда схьагуш болчу нохчийн кхерчах, нохчийн цIийнах? Нохчийн кхерч бан а буй техьа я эца а, я бита а нохчийн махкахь бисина?..

Тахана, вайн заманахь, даккхийдеш, цецдуьйлуш хьоьжу вай ширачу бIаьвнашка. Вайн дай баьхначу хIусамех херделла вай, амма, иштта дIайоьдучу замано я айаелла тIейогIучу цивилизацино доь дойъш ду нохчийн аматехь динчу цIенойн.

Цхьа зама йогIур ю-кх, вайн рагI дIаяьлча, ХХ-чу бIешарахь вай даьхна хIусамаш муха яра техьа хоьттуш, хаа лууш.

Халахета тахана нохчийн адам шен къоман хотIах херлуш хилар.

Ков-керт, кхерч, ахча, духар, мотт, гIиллакхаш – царех цхьа а ца дисина юьхьанца ша хиллачу хотIехь.

Дийца хIума дац, амма, дагахь а доцуш, нохчийн хIусам яйча, бIешерийн тийналла йохош, оьзда аьзнаш, хьешийн маршаллаш, дай-нанойн боларш дуьхьалхIуьтту ша-шаха.

Иштта ойланаш  кхоллаелира сан  Шуьйтан районера  нохчийн  шира юрт, оцу  юьртара нохчийн шира цIенош,  кхерчаш сайна гича.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: