Нохчийн Республикера оперативни хьал

Наркотикаш схьаяьхна

ХIокху деношкахь полицин белхахоша Соьлжа-ГIалахь, Гуьмсан, Хьалха-Мартан кIошташкахь а – гучудаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.

Хьалха-Мартан кIоштан ГIойтIа юьрта йисттехь, полицин белхахоша сацийна 33 шо долу меттигера вахархо. Цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу хIума чохь йолу полиэтиленан жима тIоьрмиг.

«Терго яр» цIе йолу оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь полицин белхахоша Гуьмсан кIоштахь сацийна 1961-чу шарахь вина волу вахархо. Вахархочуьнгахь хилла ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, марихуанин шатайпа хьожа йолу, 140 грамм хиллал йозалла йолу наркотик чохь йолу полиэтиленан тIоьрмиг.

Иштта, полицин белхахоша, Соьлжа-ГIалахь, 60 шо долчу вахархочуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина 18 грамм хиллал марихуана наркотик.

Лакхахь хьахийначу бахархоша динчу зуламашкахь Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяс билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.

Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.

ДIахьош таллам бу.

Ахча лачкъорна къера хилла

ХIокху деношкахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалин урхаллин полицин №3 йолчу отделе, шен бехкана къера а хилла, тIееана 1973-чу шарахь йина йолу Соьлжа-ГIалара яхархо.

Яхархочо хаам бина, хIокху шеран чиллин (февраль) беттан 28-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан Маяковскийн куьпахь, ша шен лулахо йолчу хьошалгIа яхарх а, иза (лулахо) араяьлча, цуьнан бохчанах бIаьрг а кхетта, ша цу чуьра 3 500 сом ахча лачкъийна хиларх а лаьцна.

ШолгIачу дийнахь, базара а яхана, и ахча доьхкина зудчо.

ДIахьош таллам бу.

I.ТЕРЛОЕВ

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: