Билггал меттан Iилманчашна доккха совгIат хир ду дукха хан йоццуш араяьллачу «Екатерина ШолгIачун дошамашкахь нахийн мотт» («Нахский язык в словарях Екатерины II») книгах. Цуьнан автор (хIоттийнарг) ву Мурдалов Муслим.
Кхоллараллин юкъаралло дика тIеэцна дIадаханчу шарахь араяьлла поэтан Константин Айбулат-Розенан дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна йолу М.Мурдаловн книга. Архивашкахь нохчийн ширачу историн лараш лоьхуш, цо бинчу белхан беркате тIаьхье яра и книга. Меттан Iилманчаша кхаъ хиларца тIеоьцур ю аьлла хета М.Мурдаловн керла книга а.
XVIII-чу бIешаран шолгIачу декъехь, Екатерина II-чо жигара дакъа а лоцуш, Iуналла а деш, арахецна ю «Палласан дустаран дошамаш», «Дерриге а меттанийн дустаран дошамаш» («Сравнительные словари всех языков и наречий») олуш а хилла царах. Екатерина II-чун дIадолорца арахецна хиларна, Iилманчашлахь «Екатерина II-чун дошамаш» аьлла цIе а яхана церан. Меттан Iилманчашна-м уьш юйла хууш хилла хир ду, царах пайдаэцнарш а хир бу, амма наггахь йолчу библиотекехь бен карош цахиларна, царах шуьйра пайдаоьцийла дацара.
Нохчийн маттаца, историца доьзначу кIезигчу хIуманна а сема волчу М.Мурдаловс шена и дошамаш а, оцу хенахьлера Iилманан кхин белхаш а бовзарх кхаъ хилла, шен книгашца уьш вайна а бовзуьйту. Юьйцуш йолчу дошамаш тIера 273 оьрсийн дош а, кхечу 22 маттахь церан гочдарш а далийна книги тIехь (хIетахьлера йоза а, йозанан хатI а лардеш, аьлча а, оцу дошамаш тIехь ма-яздарра).
Вайна мехала ду оцу 22 матта юкъахь нохчийн, гIалгIайн, бацойн меттанаш хилар.
Гергарлонан юкъаметтигаш, дегIан меженаш, Iер-дахарехь лелош хилла хIуманаш, Iаламан хиламаш, дар я хилар гойту, иштта кхин а дешнаш ду книги тIехь, масала: мать, сестра, дитя, голова, брови, рука, имя, работа, смерть, день, гора, глубина, трава, поле, рыба, птица, соха, гвоздь, драка, пашня, добро, пить, спать, возить, ты, они, когда, иштта кхин а.
Изза дешнаш жIайхойн, хIирийн, жуьгтийн, Iаьрбийн, эрмалойн, гуьржийн, нохчийн, кхечу меттанашкахь далийна.
Цо вайна таро ло XVIII-чу бIешерашкахь дикка нохчийн дешнаш муха хезаш хилла хаа а, нохчийн меттан дешнаш кхечу меттанашкарчу дешнашца дуста а.
Юьйцуш йолу дошамаш хIиттийначара, шайна ма-хаззара, оьрсийн меттан йозанца дIаяздина ду нохчийн а, кхечу меттанийн а дешнаш.
Масала: небо – стыгле, отецъ – да, мужъ – мааръ/куанахъ, волосъ – кажерешъ/чхаацъ, колено – гуала, голосъ – ишъ, крикъ – анекинъ, сонъ – гань, боль – унъ, зверь – хейбанъ, курица – котамь, город – юихахь, дворь – мейдань, яствы – синдаарь, брань – мастахулу, драка – тьуумь, светь – сырлалу, здоровъ – могушу, иштта кхин а.
И дешнаш дIаяздина ши бIе шо сов хан дIаяьллехь а, царах дукхахдерш нохчийн мотт хууш верг тахана а шайн маьIнех кхеташ ду. Цуьнца цхьаьна вайн заманан нохчийн матта юкъахь доцурш а, шайн хазарехь баккхий хийцамаш хилларш а ду. Вуьшта аьлча, Iилманчашна ойла ян а, болх бан а хIума ду.
Книгина язйинчу дештIаьхьенехь филологин Iилманийн доктора, профессора А.И.Халидовс билгал ма-даккхара, книга пайдехь хир ю Кавказан къаьмнийн лексикологи дустаран кепехь толлучу Iилманчашна, ткъа иштта Кавказан къаьмнийн исторически фонетика толлучарна.
Хь.АБАЕВ
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо