Россин Федерацин Президентан харжамашкахь кандитат волчу В.Путинан Нохчийн Республикехь белхан векал волу Солтагереев Хьусейн хIокху деношкахь Устрада-ГIаларчу «Чеченавто» заводехь хилира.

– Устрада-ГIала Советийн Iедал долуш дуьйна промышленни гIала лоруш хилла. Дикачу кхиамашца а, даггара къахьегарца а къаьсташ хилла меттигера нах. Тайп-тайпанчу къаьмнийн векалшца бертахь баьхна кхузара бахархой. ХIара гIала дукха хенахь дуьйна а шена чохь дика говзанчаш хилла ю. Цундела вай тешна ду кхузарчу бахархоша иштта дика кхиамаш кхул тIаьхьа а бохург хиларх, – бохура Солтагереев Хьусейна.
Иштта цо дийцира тIемаш хилар бахьанехь ерриге а йохийна йолу Устрада-ГIала, хиллачу бохамашка хьаьжна ца Iаш, хаза гIала хилла дIахIоьттина хиларх лаьцна.
«Шо-шаре мел долу толуш ду бахархойн Iер-дахар. Таханлерчу дийнахь дукха гIаьтнаш долчу цIенойн комплекс а, заводаш а, паркаш а, вайн республикехь уггаре хазачех цхьаъ долу Кадырова Айманин цIарах «Ненан дог» маьждиг а дина, кхуьуш йогIуш ю гIала. Дуьненан массо а маьIIера адамаш ду кхуьнан кхиаре бIаьрг тоха лууш», – элира цо.
Хь.Солтагереевс билгалдаьккхира Устрада-ГIалахь тIаьхарчу шерашкахь хилла хийцамаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарца боьзна хилар а, цуьнан хьуьнаре гIуллакхаш бахьанехь гIала иштта кхуьуш хилар а.
Цул тIаьхьа, кху шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь хинболчу харжамийн мехаллех лаьцна дийцира кандидатан В.Путинан векала.
Махкахь политикин доккхачу маьIне хилам тIекхаьчча. Устрада-ГIалин бахархоша граждански жигаралла гайтар а дийхира цо.
А.АЛИЕВ
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо