ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Профсоюзийн цIийнан актови залехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатица а, Нохчийн Республикин Дай-нанойн союзаца а цхьаьна Россин Федерацин, Президентан харжамашкахь хинболчу юкъараллин тергамхошна лерина Iаморан семинар.
Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин юкъараллин тергамбар а, тIебогIучу харжамашна юкъараллин тергамхой кечбаран а институт кхолларан комплексни программин гурашкахь дIаяьхьира и мероприяти.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал а, Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин председателан заместитель Магомадов Мусхьаб а, Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин декъашхо Байсулаев Маьхьди а, «Юкъарадешаран учрежденешкахь доьшучеран дай-нанойн союз» цIе йолчу регионан юкъараллин организацин председатель Агаева Яха а.
Байсулаев Маьхьдис билгалдаьккхира 2017-чу шарахь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думо Россин Федерацин Президентан харжамийн хьокъехь долчу федеральни законехь хийцамаш бина хилар.
Оцо Россин Федерацин Юкъараллин палатина а, регионашкарчу Юкъараллин палаташна а бакъо ло юкъараллин тергамхойн спискаш хIитто.
– Тергамхо хила йиш йолуш ву 18 шо кхаьчна а, харжамийн бакъо йолу а Россин Федерацин гражданин. Тергамхой хила йиш яц Россин Федерацин субъектийн лаккхарчу гIуллакхера нах а, меттигерчу администрацийн куьйгалхой а, церан аьлларехь болу белхахой а, иштта, харжамийн комиссийн къастаман бакъо йолу векалш а, – элира М.Байсулаевс.
Денильханов ИсмаьIала дийцарехь, Нохчийн Республикин хIора харжамийн куьпе Нохчийн Республикин Юкъараллин палатера а, Россин Федерацин Юкъараллин палатера а шишша юкъараллин тергамхо хьажор ву.
– Семинарехь дакъалоцуш 300 сов стаг вара. Нохчийн Республикехь верриге а оцу проекта юкъахь эзар сов стагву. И болх дIахьош болу бутт сов хан ю. Россин Федерацин Президентан харжамашна тергамхой кечбар бекарг (март) беттан 18 де тIекхочуш доьрзур ду. Нохчийн Республикин Юкъараллин палато хIиттийна болчу бозуш боцчу тергамхоша харжамийн дийнахь кхаж тасарна дуьххьара юкъараллин терго яр дIахьур ду, – билгалдаьккхира И.Денильхановс.
– Вай вешан гражданийн декхар дIа а луш, Россин хинволчу куьйгалхочунна кхаж таса беза. Вай, Россин Федерацин гражданаш, пачхьалкхан юкъараллин дахарехь жигара хила а деза, вайн республикехь хуьлуш долчунна юьстах девлла Iен а ца деза, – билгалдаьккхира Агаева Яхас.
Иштта, семинаран дакъалацархоша дийцира, хьалххе долчу къасторах чекхбевллачарна кхаж тасарна тIехь терго латторехь а, кхаьжнаш дагар дарехь а хаа дезарг дерриге а довзуьйтург хилар.
Оцу тайпана шайн хаарш шордан аьтто хир бу церан. Кхиамца тестированех чекхбевллачу юкъараллахошна дIахьажоран кехаташ лур ду. Церан гIоьнца кхажтасаран дийнахь харжамийн каппашкахь юкъараллин тергамхой хила йиш хир ю церан.
I.ТЕРЛОЕВ
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо