Россин Федерацин Президентан харжамийн республикера жамӏаш

Нохчийн Республикин Харжамийн комиссис довзийтина республикехь дӏабаьхьначу Россин Федерацин Президентан харжамийн жамӏаш.

Цаьрца нийса а догӏуш, кхажтасаран бакъо йолчу республикин 709 635 вахархочух 649 600 (91,54%) вахархочо кхаж а тесна, церан кхаьжнаш иштта а ду:

1) Бабурин Николайн Сергей — 7 679 (1,18%) кхаж;
2) Грудинин Николайн Павел — 30 012 (4,62%) кхаж;
3) Жириновский Вольфан Владимир — 1 631 (0,25%) кхаж;
4) Путин Владимиран Владимир — 593 806 (91,44%) кхаж;
5) Собчак Анатолийн Ксени — 3 531 (0,54%) кхаж;
6) Сурайкин Александран Максим — 2 093 (0,32%) кхаж;
7) Титов Юрийн Борис — 3 287 (0,51%) кхаж;
8) Явлинский Алексейн Григорий — 4 848 (0,75%) кхаж.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: