Р.Кадыров: «Берийн бошмаш цатоаран, школашкахь кхаа сменехь дешаран гIуллакх йоццачу хенахь къастийна хила деза»

RUK_1866

Берийн бошмаш цатоар, школашкахь кхаа сменехь бераша доьшуш хиларан гIуллакхаш дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана   Нохчийн Республикин Правительствон хьалхарчу вице-премьерца Тумхаджиев Iийсаца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь.

Р.Кадыровна хетарехь, сихбан беза берийн бошмашкахь меттигаш цатоар дIадаккхарна, школашкахь кхаа сменехь дешар цахилийтарна тIехьажийна беш болу белхаш.

«Республикехь бIеннаш школаш, школе доьлху хан кхачаза долчу берийн учрежденеш йинехь а, цкъачунна буьззинчу барамехь кхочушдаза ду берийн бошмашкахь меттигашца кхачояран а, школашкахь кхаа сменехь дешар дIадаккхаран а гIуллакх. Дан тарлуш дерг дерриге а дан деза и гIуллакхаш дикачу агIор къастийна цхьалхадахархьама, хIунда аьлча, 60 эзар гергга бер кхаа сменехь доьшуш хиларна. И гайтам Россин муьлххачу а кхечу регионехь чул лакхара бу», – тидам тIебахийтира республикин Куьйгалхочо.

И гIуллакхаш  къастийна цхьалхадахарна тIехьажийна деш долчу гIуллакхех лаьцна хаам бира I.Тумхаджиевс.

«Бюджетера ахча схьахеца долоре ца хьуьйсуш, еш ю «Россин Къилбе» аьлла йолчу программина 2015-чу шарна юкъаяхийтина йолу бархI школа. Иза деш ду керла шо керлачу школашкахь дIадоло берийн таро хилийтархьама. Иштта чекхдаьккхина берийн 17-нах 11 беш яр. Бюджетана юкъадогIуш доцчу ахчанан чоьтах еш яра уьш», – билгалдаьккхира хьалхарчу вице-премьера.

Кхузахь дагадаийтича нийса хир ду тIедогIучу шина шарчохь Нохчийн Республикехь кхаа сменехь деша хилийтархьама керла 50 школа ян хIокху шеран октябрь бутт чекхболуш Р.Кадыровна а, Россин дешаран, Iилманан министрана Д.Ливановна а юккъехь барт хилла хилар. Цара иштта барт бина герггарчу шерашкахь вайн республикехь школе доьлху хан кхачаза долчу берашна лерина иттаннаш дешаран учрежденеш ян, хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: