Чемпионатехь – шолгIа меттиг

Дукха хан йоцуш Владимир гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула къорачу спортсменашна юкъахь хьалхеяккхаран Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш бара Россин 20 гIалара спортхой.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш РДЮСШ-ра 3 спортсмен вара. Шен йозаллин категори 72 кг. а йолчу, спортхошна юкъахь шолгIа меттигехь яьккхира РДЮСШ-рчу Таипов ИбрахIима.

Оцу чемпионатехь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду хIокху шеран хIутосург (май) баттахь хинйолчу Дуьненан чемпионатехь.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташ.

З.ШИШХАНОВА

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: