ХIокху деношкахь Москва-ГIалахь «Олимпийская деревня – 80» спорткомплексехь дIаяьхьира къоначу спортсменашна юкъахь охьатохархлатарехула йолу мехкан пачхьенан чемпионат.

Цигахь дакъалоцуш вара Москван областера а, Москвара а 150 латархо. Царна юкъахь Вара вайн ши махкахо, Москварчу дуьненаюкъарчу урхаллин институтан студенташ АхметхановгIар Рахьман а, Рукъман а.
Шен йозаллин категорехь (65 кг.) хьалхара меттиг яьккхина Ахметханов Рахьмана. Европин чемпион волу Гастемиров Дауд эша а вина, финале велира иза. Дика дуьхьало йира Дауда, амма Рахьмана хаийтира ша шен йозаллин категорехь уггаре тоьлаш хилар.
Тренера Муртазалиев Рустама билгалдаьккхира цу шиннан латар чолхе хилла хилар.
Иштта шен йозаллин категорехь (84 кг. кхаччалц) хьалхара меттиг яьккхира Ахметханов Рукъмана а.
Москван кубкан толамхочунна Курбанатаев Мурадана толаме сатийса меттиг ца йитира Рукъмана.
Чемпионатан толамхоша оханан (апрель) беттан 11–16-чуй деношкахь дакъалоцур ду Смоленскехь хир йолчу Россин чемпионатехь.
КхидIа, мангалан (июль) беттан 13–15-чуй деношкахь Пензехь дIахьур йолчу Ерригро ссин кегийрхойн спартакиадехь а дакъалоцур ду цара.
– Шаьш доьшуш белахь а, спортехь дика кхиамаш бохуш, къахьоьгуш бу вежарий АхметхановгIар, – дийцира тренера Р.Муртазалиевс.
А.АЛИЕВ
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо