«Кхиаме школа»

«Кхиаме школа» Ерригроссин III-гIа конкурс дIайолаелла. «Учительская газета» издательствон ЦIийно оцу конкурсехь дакъалаца кхойкху Россин Федерацин юкъарадешаран организацеш.

Конкурсан дакъалацархой Россин Федерацин юкъарадешаран программаш кхочушъеш йолу дешаран организацеш ю.

Конкурсан Iалашо дешаран организацешна шайн белхан анализ ярехь гIо дар ю, технологин а, индивидуальни кхиаран а хьесап дарца.

Конкурс шина муьрехь хир ю. Хьалхара я заочни мур, карарчу шеран хIутосург (май) беттан 30-гIа де тIекхаччалц бу.

ШолгIа, очни мур эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнера гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де тIекхаччалц бу.

Толам баьккхинчу 5-ннах хIоранна а ахчанан совгIат дийр ду, 200 000 соьман барамехь. Уьш дашо совгIатхой хир бу. Ткъа дато а, йоьзан а совгIатхошна леррина дипломаш а, совгIаташ а лур ду.

Заочни муьрехь дакъалаца бакъо еллачу дешаран организацешна сертификаташ лур ду. Конкурсан лауреатийн конкурсан белхаш, заочни муьре кхаьчнарш, жюрин декъашхойн сацаме хьаьжжина, «Учительская газета» издательствон ЦIийно зорбанан а, электронни а изданешкахь зорбане бохур бу.

Толамхой а, совгIатан меттигаш яьхнарш а очни мур чекхбаьлча конкурсан жамIаш даран дийнахь кхайкхор ду.

Конкурсан даздарш цуьнан вовшахтохараллин комитето сацам бинчу меттехь а, хенахь а хир бу.

КхитIе болу хаам http/www.ug.ru/ news/24442 адресца хаа таро ю.

Дагадаийта лаьа, 2016-чуй, 2017-чуй шерийн «Кхиаме школа» конкурсан толамхой хилира Нохчийн Республикин Соьлжа-ГIалара №60 йолу школа а, А-Хь.Кадыровн цIарах №1 йолу гимнази а.

З.ХИЗИРОВА

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: