ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Пачхьалкхан галерейхь къоначу суьрташдахкархочун Садулаева Хьаван суьртийн дуьххьарлера а, Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина а «Хьо, зуда, массо юьхьан а юьхь ю» гайтам хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан, Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан белхахо Дутаева Элита, Нохчийн Республикин хьакъволу суьрташдахкархо Алхазов Ризван, ткъа иштта академикан Захаров Петран цIарахчу Соьлжа-ГIалин №2 йолчу берийн кхоллараллин школин дешархой, Хьаван гергара нах а, цуьнан накъостий а.
Гайтам схьабеллале хьалха, хьешашна Хьава а йовзуьйтуш, йистхилира академикан Захаров Петран цIарахчу Соьлжа-ГIалин №2 йолчу берийн кхоллараллин школин хьехархо Татходжаева Марем:
– Тхан массеран а хьоме дешархо ю Хьава. Ша къона елахь а, хIинцале кхоллараллехь шен некъ карийна цунна, цу тIехь дIаяха ойла йолуш ю иза. Цо дуккха а конкурсашкахь дакъа а лаьцна, толаман меттигаш а яьхна. Тхан школин хьалхарчу классан инклюзивни дешархо ю Хьава. Цо пейзажан, портретан, натюрмотан а жанрашкахь дохку суьрташ. Сирлачу, къегинчу, тайп-тайпанчу басарех самукъадолуш ю Хьава. Иза цуьнан суьрташкахь хаалуш а хуьлу.
– Хазахета, вайн кегийрхой культурин декъехь кхуьуш болуш. Хьава санна говза кегийрхой вайн республикина оьшуш бу. Цуьнан суьрташка бIаьрг тоьхча хета тарло, оцу суьртийн автор гIематтахIоьттина а, шен кхоллараллехь кхиъна а, суьрташдахкархо ву, аьлла. Ханна жима елахь а, шен ойла а, хетарг а суьрташкахь гайта а, дийца а говза йолчу Хьаван белхаш кхечу кепара хуьлийла а дацара. Лаьа, ша юьхьарлаьцначу кхоллараллин новкъахь цо дуккха а кхиамаш бохийла, – элира Элембаев Iалихана.
Къоначу суьрташдахкархочун нанас билгал ма-даккхара, Хьава жима йолуш дуьйна а ю суьрташ дохкуш хазахеташ.
Хьава вевзаш волчу суьрташдахархочун, журналистан Садулаев Мусан йоI ю. Шен дегара марзъелла цунна суьрташдахкаран говзалла.
А-Хь.Кадыровн цIарахчу галерейн куьйгалхочо Исраилов Iумар-Асхьаба Сийлаллин грамота елира Хьавана. Ткъа Хьавас, галерейн куьйгаллина а, шен суьртийн дуьххьарлера гайтам вовшахтохарна а, дIабахьарна а тIехь шена гIо-накъосталла мел диначарна баркалла элира.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: Садулаева Хьаван суьртийн гайтамехь
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо