Вайн заманахь дуьненан хIуманах Iеха а ца луш, шен халкъан исторех, ширачу заманахь юьртабахамехь, чохь-кертахь пайдаоьцуш лелийначу гIирсех самукъадолуш, ша вехачу кертахь этнографин музей йина Iаш верг наггахь бен карор вацара.

Ишттачех цхьаъ ву Невран кIоштарчу Гал-ГIалахь (Калиновскехь) вехаш волу Эскирханов Абукъосум. Иза Гал-ГIалахь йолчу юьртабахаман механизацин техникуман директоран заместитель ву.
Кху деношкахь вайн редакцехь хилира Къосум. «Невран кIоштахь ян а яцара этнографин музей. Берашна кхечанхьа гур йоцу хIуманаш вовшахтухуш, шира хIума йолчу нахера ехна я эцна схьайохьуш, хIокху тIаьхьарчу 6 шарахь музей чохь гулъелларг 1 000 сов экспонат ю» – дуьйцура цо.
КIудалш, итуш, пхьегIаш, юьртбахамехь ялта оруш, дуьйш лелош хилла хIуманаш, шурин сурсаташ Iалашдеш лелийна хилла йолу кхийра кхабанаш, иштта историн мехалла йолу кхин хIуманаш ю музейхь.
Хууш ма-хиллара, Невран кIоштахь гIалагIазкхий, ногIий, оьрсий, кхечу къаьмнийн векалш бу бехаш. Иштта церан шира хIуманаш а ю музейхь.
Музейн статус этнографин елахь а, иза вовшахтоьхначу А.Эскирхановс тIеман хенахьлера экспонаташ а, документаш а вовшахтухуш болх а бу дIахьош.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн хIолламаш байтина цо. Уьш луларчу Дагестанехь кеч бойту.
Музей шен кертахь латтор атта болх бац. ХIинцале дуккха а хьовсархой баьхкина Абукъосума вовшахтоьхначу музей. Царна юкъахь берийн бошмашкара, школашкара бераш ду. Берийн самукъадолу музейх, царна тамашийна хета хьалха лелош хиллачу хIуманех лаьцна дуьйцург.
Дукха хан йоццуш хаза кхаъ кхаьчна Абукъосуме. Невран кIоштан администрацин куьйгалхочо Кашлюнов Дмитрийс кIоштан культурин цIийнехь музейна меттиг лур ю аьлла. Кхул тIаьхьа бан безарг боккха болх бу музейхь.
ХIора экспонатана паспорт доккхуш, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь цIерш язъян еза, хIора экспонатах лаьцна боцца хаам кечбан беза.
Бераш патриотизман ойланехь кхетош-кхиоран балха тIехь а доккха маьIна дIалоцур ду цо, цул сов, вайн республикин хьешашна гайта юьхькIам а хир бу этнографин музей.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: Невран кIоштарчу Гал-ГIалара этнографин музейн
№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо