Дукха хан йоццуш Екатеринбургехь дIаяьхьначу кинон а, интернет-проектийн а «Къинхьегаман стаг» кхоалгIачу фестивалехь дакъалецира Нохчийн Республикин кинематографехула йолчу урхаллин векалша.

Шаьш цигахь дакъалацарх лаьцна дийцира урхаллин директора Терекбаев Беслана.
Свердловски киностудехь схьайиллира фестиваль. Россин регионашкахь кинон хьаьрмахь шайн некъ а карийна, къахьоьгуш болу векалш бара цигахь дакъалоцуш. Фестивалан официальни дакъа чекхъдаьлча, цуьнан дакъалацархоша кинон мехаллах лаьцна дийцира.
Цул тIаьхьа, кинон хьаьрмахь болх бечу говзанчаша дешаран а, бизнесан а, иштта кхидолчу дакъошкахь а къахьоьгуш болчу говзанчашца «горга стоьлаш» дIаяьхьира.
Фестивалан жюрин коьртехь вара Россин Федерацин Президент волчохь йолчу культурехула а, искусствохула а Советан декъашхо, режиссер Хотиненко Владимир. Жюрин декъашхой бара: режиссер Мирошниченко Сергей, композитор Шульгин Александр, продюсер, режиссер Петрухин Алексей, Россин культурин министран хьехамча Сорокин Андрей, Къилбаседа Кавказан кинематографин гIолацаран фондан президент Терекбаев Беслан.
– Оцу тайпанчу йоккхачу фестивалехь дуьххьара дакъалоцуш дац тхо. Нохчийн Республикехула йолчу кинематографехула а, искусствохула а йолчу урхаллин векалша яккхийчу, маьIнечу кинофестивалашкахь а, цхьаьнакхетаршкахь а жигара дакъалоцу.
Цигахь вовшашна зеделларг, кинон декъехь дан дагалаьцнарг довзуьйту, вовшех дагабовлу. Фестивалехь бевзаш болчу режиссераша кинон декъехь къахьега буьйлалуш болчу къоначу кинематографисташна мастер классаш елира. Тхуна а, тхуна санна кхечу регионашкахь болх бечу кинематографисташна а пайдехь фестиваль яра иза. Цигахь хIоранна а, къаьсттина къоначарна, кино яккхаран цхьайолу къайленаш а евзира. Ткъа Россин регионашкарчу кинематографистийн ишттачу мехалчу фестивалехь цхьаьнакхета а, вовшашна зеделларг довзийта а таро хилар доккха хIума ду, – дийцира Б.Терекбаевс.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: кинон фестивалан дакъалацархой