Нохчийн зудчун нур догу юьхь-сибат

Тамаша баллал атта а, тамаша баллал чолхе а ду дахар – нохчийн зудчун дахар. Наггахь дуккха а шераш дIаоьху хIумма а хийца ца луш. Амма наггахь цхьа де а тоьа цIеххьана дерриге а дахар хийцадала.

Дуьнен чу йоггIушехь йогIу йоI шеца ийман-беркат дохьуш. Ойла йина ца валлал доккха ирс ду-кх зудабер кертахь хилар. ХIора дийнахь цуьнан зевне аз хазар. Цуьнан елаяларо гонахара хьал а цхьаьна тодо, сингаттаме ойла а кIадйо.

Мел хьежарх кIордор доцуш цIена ду-кх цуьнан юьхь-сибат. Цуьнан цIийца, сица йолу оьздангалла гуш хуьлу. Кхечу кепара иза хуьлийла а дац, бусалба а, нохчи а хиларна. Иза Делера совгIат ду.

Ша дог цIена хиларе терра, цунна ца хаьа шалхонаш лело, ца лелайо харцо, ткъа хIилла данне а дац. Амма шен ойланаш, сатийсамаш, безамаш хуьлу цуьнан. Самукъадолу цIеначу хIаваах, аьхкенан догIанах, хьаннех, акхаройх. Лаьа бес-бесара зезагаш лехьо а, когаш Iуьйра аренашкахула ида а. Iуьйранна дуьйна буьйса йоллалц, Iаламах марзо эца хьаьгна хуьлу иза.

Наггахь коьртера ойла совъяьлча, цунна дагадогIу, ша цхьанна а оьший те, я ша тергалйой те, тIаккха цхьана есаллера ша гучуяларе терра, оццу есаллехь къайлаяла. Карзахе хуьлу цуьнан синхаам. Иштта хуьлу-кх нохчийн йоьIан дахаран юьхь.

Зудчо ша хоржу шен дахаран некъ. Амма цунна ца хаьа шен кхоллам муха хир бу. Наггахь нуьцкъаша схьаозо дезаш хуьлу хьуна кхолламо ша ца луш дерг. ТIаккха дIадуьйлало цуьнан дахаран атта а, дукха хьолахь, хала а некъаш.

ХIора зудчунна боккха доьзал кхолла лаьа. ХIусамехь йовхо, доьзалехь барт, юкъахь марзо латтошъерг зуда ю. Цхьа кIеззиг хан яьлча доьзал кхуьу. Иза ирсе, тоьлла хила а, дIанисбала а лаьа. Дукха хьолахь, яха а оцу доьзалан дуьхьа еха иза.

Хийла гIело, аьшнаш, сийсазъярна бIаьрзе хила а, лергашна къора хила а дезна цуьнан. Ма-дарра аьлча, цуьнан дахарехь масийтта «аса» хуьлу. Ирсе мур богIу цхьана ханна, йоккхаеран доза доцуш санна. Дуьне а, Iалам а шен дуьхьа лаьтташ санна.

Иштта… Сингаттаме… ГIайгIане… Шена мел хилла цатам, гIело, шен ийманах дуьзначу даг чохь хьулъян гIерта. ТIаккха гулло цуьнан кийрахь латта Iадош мохь аллал гIайгIа. Амма цуьнан мохь хезар долуш цхьа а ца хуьлу. Кийрара цхьа къора мохь…

Цхьа тамашийна дог Iаьвжа. Иза къайлах йоьлху. Ткъа иза йоьлхучу хенахь а ца хийцало-кх цуьнан юьхь тIера хазалла, цIеналла.

Наггахь дерриге а эрна хетало. Ткъа иза, ийман совдаьлла, жимма собаре хилчахьана, дерриге а дIанисло.

Iаламехь даима а шен-шен хенахь хийцало шеран биъ мур. Хийцало денош, буьйсанаш. Iаламна бала бац бохаман, ирсан. Цуьнан шен декхарш ду. Цкъа мацца а чекхдолу дерриге а. Нохчийн зуда, нана мичча хенахь а кийча ю-кх дахарехь хуьлучу муьлххачу а хийцамна.

Милт яьгна чекхъяьлча дIабов чиркх санна, дIайов ненан даг чуьра йовхо, бIаьргаш чуьра серло. ТIаккха шелло, хIинццалц йовха а, ирсе а лаьттина хIусам.

Иштта дакъа ду-кх нохчийн зудчуьнга кхаьчнарг. Иза ян а ю-кх шен юьхьа тIехь нур догуш.

Ф.АСИЕВА

Суьрта тIехь: кинон фестивалан дакъалацархой

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: