«Нохчий кхеро йиллина…»

Россин олаллин политикина буьрса дуьхьало йира XIX-чу бIешеран юьххьехь Нохчийчоьно. Къарбала туьгуш боцу мохк дIатебан Нохчийчу хьажийра Даймехкан тIеман турпалхо инарла А.П.Ермолов, нохчашца къаьсттина къиза хиларца билгалваьлла волу.

Цо хьехар а дина, дIадолийра Теркан а, Соьлжин а йистошца чIагIонаш а, гIаьпнаш а яр, станицаш яхкар. Уьш яхкаран коьрта Iалашо яра нохчий лаьмнашка хьала лахкар а, цигара уьш охьа цабовлийтар, цигахь уьш жим-жима хуьлуьйтуш хIаллакьхилийтар я уьш Iазапе лоьцуш тIелетарш дарца хIаллакбар. Оцу Iалашонан цхьа дакъа дара Буьрса-гIап яр.

Иза Соьлжи хи йистехь, уггаре а готтачу меттехь йира 1818-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь. ХIинца Нохчийн Республикин Куьйгалхочун резиденцин гIишлош йолу меттиг ю иза. Цул хьалха, Соьлжа-ГIала йохаяле, А.П.Чеховн цIарах сквер яра цигахь.

Оцу хенахь хиллачу хиламийн хьокъехь иштта яздина Iилманчас-Кавказталлархочо Л.Лавровс: «Инарла Ермоловс, тIамца Нохчийчоьнна юккъе кхаьчча, 1818-чу шарахь кхузахь гIап йоьгIна, цунна Буьрсаниг аьлла цIе тиллира, цуьнан цIаро а нохчийн дегнаш чу кхерам тосур бу аьлла хеташ».

Ала дашна, гIап А.П.Ермоловс бахарехь «нохчий кхеро йиллина яра» бахахь а, ламанхой аренашца долчухьеначу лаьттанашна тIера дIабахаран а, уьш олалле берзоран а, хIаллакбаран а Iалашонца йиллина яра.

Оьрза-ГIалара тIеман дуьхьарлера экспедици Соьлжи тIе яле хиира нохчашна оьрсийн эскарш хIун дохьуш догIу а, уьш чудахкар муха дерза тарло а. Уьш чудогIуш царна дуьхьало ян сацам бира цара. Ткъа Нохчийчу теттинарг кIезиг ницкъ бацара.

Оцу хьокъехь А.П.Ермоловс шен «Йозанашкахь» яздора: «Георгиевскера Оьрза-ГIаларчу станицерчу Гребенски эскарш долчу вахара со. Цунна гена доццуш, эскаршна Теркал дехьадовлийла дара кечдина. Уьш нохчийн махка даха дезаш дара… ХIутосург (май) беттан 24-чу дийнахь дерриге а эскар хил дехьа делира. Иза егерийн 8-чу а, 16-чу а полкийн шишша батальонах а, ГIебартойн гIашлойн а, Троицки а полкийн цхьацца батальонах а, батарейн ялх йоккхачу тоьпах а, ялх яйчу йоккхатоьпах а, дошлойн йиъ артиллерех а, пхи бIе стаг юкъахь волчу донан а, зилан а гIалагIазкхех а лаьтташ дара. Хих дехьадовлийла лардан цхьа рота а, ши йоккха топ а йитина, дерриге а эскар Терка тIера Соьлжа хи долчу новкъа делира».

Эскарш чудахка доладалар а, «Буьрсаниг» аьлла цIе тоьхна гIап ян йолор а муха хилира хаьа вайна А.П.Ермоловн сийсазечу «Йозанашкара».

Цо яздора: «Теркаца йолчу нохчийн ярташкахь Iаш берш, маьрша нах бу бохуш хиллехь а, шайн эскарш долуш бара. И ярташ, кхечу яртел кIезиг а йоцуш, талорхойх юьзна яра, зилана нохчийн дерриге а тIелетаршкахь хьалха дакъалаьцна болчу. Цигахь зуламхой бара вовшахкхетта. Уьш къайлабовлий Iара, зилех паргIат дIасалелаш болу маьрша нохчий, тхан эскарийн я бахархойн ледарлонаш Iора а яьхна юхаберззалц. Цо уьш цул тIаьхьа тешам боллуш кхиаме а кхачабора. Нохчий, геннара тхоьга хьийса а хьуьйсуш Iийра тхо Соьлжи тIе кхаччалц цхьа топ а ца кхуссуш. Уггаре а дерачу талорхойх цхьакIеззиг берш хинна аьрру агIор Iохкуш йолчу ярташкара бевддера. Кхиберш лагерехь хуьлура. Ас къаьсттина хьоьстура уьш, шайн хIусамашкахь паргIат бахийта, эскаршна дохка цаьрга кхачанан сурсаташ даийта. Лагершка схьабалийнера оцу ярташкара амалтхой».

Эскарш чудогIучу хенахь нохчаша «цхьа топ а ца кхоьссира тхо Соьлжа хи тIе кхаччалц» бохуш А.П.Ермоловс дуьйцург, даррехь аьр вай, шегахьа долу харц дерг ду.

Баккъал а хилларг данне а иштта дацара. ЦIеяххана волчу Таймин Бийболата а, Гермачигарчу имама Iабдул-Къедира а, шайн бIонаш цхьаьна а тоьхна, луьра а, турпалаллица а дуьхьало йира мехкашдIалецархошна.

Хьалхара тIом хилира оьрсийн эскарш Терках сехьа довлучу хенахь, Шира-Юьртана гена доццуш. Юхабовлаза ца бевлла нохчий чIагIбелира хIинца Нефтянка хи долчу меттехь. Цигахь, дукха цIий а Iенаш, шолгIа тIом хилира. Оцу меттехь, хIоъ иккхина, кхелхира Гермачигара Iабдул-Къедир. Нохчийн бIаьхойх дийна бисинарш цигара а юхабовлаза ца бевлира, Iаламат дукха бара кхарна дуьхьал тIом беш берш, герзан ницкъ а алсам бара цаьргахь.

Иштта, эскарш Соьлжи тIе схьакхечира. Иза уггаре а готта долчохь садоIуш севцира. ГIап циггахь ян сацам хилира, юьхьанца нохчашна мотта а дера моьттура «гIап кхеро дагахь еш ю а, нохчий чIагIбала беза а, тхо кIеззигчу хенахь Iан а Iийна, зиле юхадевр ду».

ГIап ян йолор чIогIа хала хилира. Ламанхой хьовха, Iалам а дуьхьал ду аьлла хетара гIишло ярна.

Оцу хьокъехь А.П.Ермоловс шен «Йозанашкахь» яздора: «ТIекIал кхаа кIиранах ца соцуш тIеоьхуш долчу догIанаша а, тIех шийлачу хенан хIоттамо а гIап яран белхаш дIаболорна новкъарло йина ца Iаш, ур-атталла оьшуш йолу коьчалш кечъярна а, чIагIо хин йолчу меттигна тай тохарна а новкъарло йора. Оцу хьоло нохчашкахь чIагIйора тхо церан махка ханна даьхкина боху ойла. Тхо болх бан дIадуьйладелча а царна моьттура оха хIиттош дерш суьрташ ду, уьш а совцор ду».

Цунах тешарна а, цуьнга сатийсарна а тIаьхьа беза мах бала дийзира нохчийн.

Хенан хIоттам а, эххар а, тобелира. ХIуъа дийцича а, аьхке ма яра. Полкан мозгIара доIа дира. Берриге а хатт хилла дIахIоьттинчу лаьттах дуьххьара белаш Iоьттира. ТIаккха дIадоладелир-кха… Юьхьанца оьрсий дика лелара. Царна гIо-накъосталла оьшура гергахьа йолчу лаьмнийн ярташкарчу нохчашкара. Наггахь царна омранца тIедожадора цхьаьна гIуллакхаш дар. Коьртако-мандующина дицлора нохчий салти цахилар а, шен куьйгалли кIелахь цахилар а. Цундела церан а, эскарийн а юкъаметтигаш де-дийне даларца галйовлуш яра.

ГIап яран белхашна тIехь куьйгалла деш волчу А.П.Ермоловс яздора: «Тхоьгахь шайн амалтхой болчу ярташна омра дира гIишлонна оьшу (хьун) дечигаш тIеяр тIедожош. Юххехь йолчу ярташкара нах дуьхьало ян ца хIуьттура, ткъа генарчу, Шина Суьйре Юккъерчу чIожал дехьарчу ярташкарчу, наха дуьхьало йора. Луьста евлла дечигаш йолуш, юкъа хьун хиларна цига дIасаваха чIогIа хала дара. Оцу наха дIахьедира шайна тIехь цхьа декхар а дац, шаьш бина тIелацам а бац, оьрсашца шайн гIуллакх а дац, аьлла. Тхуна муьтIахь болчарна кхерамаш туьйсура цара даьхний дIадуьгур ду, цIеношна тIелетар ду бохуш».

Бакъду, историкашна (масала, историн Iилманийн кандидат С.М.Умаров) оцу кхерамаш тийсаран а, тIелетаран а хьокъехь хеташ дерг кхин ду. ЧIагIдина тоьшаллаш ду и дерриге а оьрсаша деш хилла хиларан, маьршачу а, бIаьхаллин а нохчийн вовшех болу тешам байархьама, вежарий вовшийн коча тийсархьама питанаш а лелош.

Аьр вай, буьйсанан бодашкахь ямартлонца юьртана тIелета, иза ягайо. Iуьйранна, лулахоша шаьш резацахилар хаийтича, я харц дерг дуьйцу, ягийначу юьрта хьун йохьур ю аьлла бина барт бохийнера, и бохорца оьрсашна зен динера бохуш, я шаьш тIелетта дацара бохуш иза шун шайн нохчаша дина ду бохуш чIагIонаш ян хIуьттура.

Бодашкахь хьан-хIун дина хьаьнга къасталур ду. ХIетте а нохчаша и къизалла бекхам ца беш ца юьтура. Нохчаша шайн ницкъ ма кхоччу дуьхьало йора.

Церан майралла, тIеман говзалла, хIайт-аьлла хилар, хьуьнар лаккхара хилар даре дора А.П.Ермоловс а. «Шина Суьйра Юккъера чIаж чIагIдан долийра йоккха саьнгар йоккхуш, вал беш. Дерриге а некъашца гIарол а хIоттадора, пикеташ а йора, – яздора цо. – Амма наггахь бен буьйса ца йолура орца ца доккхуш. ХIунда аьлча, хин вукха бердайисте а богIий цара (I.К – нохчаша) лагерна тоьпаш еттара. ТIелетара хьуьнхарчу тхан хьалхарчу посташна а, разъездашна а. Оха дечиг кечдечохь даима а дIаса герзаш деттар хуьлура. Муьлххачу хьолехь а уьш дуьхьало ян кийча карабора тхуна. Лулара лаьзги а, лаьмнашкара кхидолу халкъаш а долчу гIо деха нах бохуьйтура цара».

ГIап яран коьрта Iалашо а, коьрта декхар а дара: а) хьеначу латтанаш тIера нохчий, жим-жима бохуш дIабахар; б) лаьмнийн готтачу чIожашкахь уьш дIакъовлар, мацалла, милла уьш берриге а хIаллакбар я къарбар.

Ларамаза ма дацара «къизачу Ермолан» дерриге а дахаран кхайкхам: «Дика нохчи – велла нохчи» хилар; «Лаьтта тIехь цхьа нохчи дийна мел ву синтем хир бац суна» баьхнарг ву-кх иза.

Цуьнан дешнаш билггал уьш хилла ала-м хIуттур вац, амма, Ермоловс аьллачун маьIна гал ца даьккхина аьлла чIагIо ян-м ваьхьар вара.

Цу тIе ша А.П.Ермоловс а яздора гIап яран Iалашонех лаьцна: «Нохчийн махкахь дIадолийна гIап яр. Шен ярца бахархой цо, гатте хьовзийна, хьеначу, тоьллачу лаьтта тIера дIабохур болуш. Кавказан зилан некъаца бегIийлачу меттехь а, Шина Суьйра Юккъерчу чIоже боьдучу некъана гена йоццуш ю иза. Буьрсаниг аьлла цIе тиллина цунна. Болх бечу хенахь, нохчаша шайга ма-ялло новкъарлонаш йира. Кест-кеста нислора салташа, белхан гIирс охьа а тосий, тоьпаш схьа а оьцуш, тIелатар юхатохар».

ГIап ечу хенахь оьрсий, цIарца а, таррашца а чекхбевлира шайна кIеззиг а кхерам бу аьлла хетачу а, кестта Буьрсачо дIахуда езачу а нохчийн ярташкахула. БIаьрхиш, бала, юкъ, саьлнаш юьтура цара шайл тIаьхьа. Ламанхойн кхолламаш бохабора, кIелхьардовла меттиг йоцчу хьоле хIиттабора уьш.

Оцу хьокъехь там хиларца яздора ша коьртакомандующис а: «Шина Суьйра Юкъ чIожана уллехь йолчу ярташкара я царна (нохчашна – I.К.) хетарехь, эскарш атта тIекхочур долчу ярташкара шайн тоьлла хIуманаш, бахам дIабаьхьна. Зударий а, бераш а кIеззиг а кхерам ма хилли уллехь йолчу хьаннашка дIахьовда кийчча долчу хьолехь дара. Цигахь царна кечйина баннаш яра. Юххехь йолчу майданашкахь чудерзоза лаьтташ ялташ дара, арахь аьхке елахь а. Царна ялташ оьшуш дарий а, цуьнца царна кхачо йоций а хууш дара. Кхерарна чу ца дерзош дара уьш».

Цу тайппана, гIап яр боккха бохам хилла дIахIоьттира нохчийн ткъа сов юьртана, хIинцалера Соьлжа-ГIала йолчу меттехь яра и ярташ. ГIап ечу хенахь хIаллакйина, хьаькхна дIаехира нохчийн хIара ярташ: Чегана («Красный молот» завод хилла меттиг), Iалхан-Юрт (С.М.Кировн цIарах парк, «Космос» кинотеатр хилла меттиг), Хан-ГIала (республикин больница хилла меттиг), Эндере-Юрт, Кули-Юрт, ТIуртIи-КIотар (Заводской кIошт), Сарачан-Юрт («Минутка» майда), Мамакхин-Юрт, Доьлак-Юрт (Ипподромни» микрорайон), кхиерш.

ХIинца Заводской кIошт йолчу меттехь иттех юрт хилла, Ленински кIошт йолчохь – ворхI, Октябрьски кIошт йолчохь – ялх, и.дI.кх.

Вуьшта, ягийнарг а, хIаллакйинарг а билггал маса юрт, кIотар хилла хаа аьтто бац. Хилларг ширдалале уьш дIаязъян аьтто ца баьлла шен «Нохчийчоь а, нохчий а» книгехь историкан а, этнографан а А.Бержен. Иза нохчийн ерриге а яртийн цIерш дIаязъян гIиртина. Дукхах йолчу яртийн цIерашна дуьхьал цо яздина – «ягийна», «хIаллакйина», «йоцуш ю».

Ешархочунна тамашийна хета тарло хIинцалера гIала йолчу меттехь оццул дукха нохчийн ярташ а, кIотарш а хилла бохург. Делахь а, шеко хила бахьана дац. Цкъа делахь, юьххьехь дуьйна а Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяр цхьа а къепе йоцуш дара. ГIалин статус цунна ялале хьалха а цуьнан каппаш мехкадаьтта дол-долчу меттигашкахула цхьа а хIатI а, куц а доцуш дIасакхийсина яра. Царах поселкаш олура. Цундела ю иза дукха дIасаяьржина, Къилбаседа Кавказехь а уггаре а йоккха.

Соьлжа-ГIалин йохалла 36-чу куьпара (Старопромысловски кIоштан юкъ) 56-чу куьпана тIекхаччалц (Октябрьски кIоштан юкъ) 40 километр гергга ю. Герггарчу хьесапехь шуьйра а ю оццул, «Родина» госхозера (поселкера) С.Кировн цIарахчу поселке кхаччалц (Заводской кIошт).

ТIаккха ларийша, жима маса юрт а, кIотар а тарлур яра оцу меттехь, юькъачу бIешерийн хьаннашна юкъахь кхераме хьал хIоьттина меттиг хилча вовшашна гIо-накъосталла даран Iалашонца уьш вовшашна ул-уллехь йина хилча.

ШолгIа делахь, Нохчийчоьнан халкъан яздархочо А.Айдамировс чIагIдарехь, гIуллакх доллу Нохчийчоьнан кхин цхьана башхаллех а.

Шен «Калугера йийсархо» повестехь цо, Дагестанерчу шен халкъах а, салтех а ведда веана, нохчаша айвина хиллачу Имам Шемалан ойланаш йовзуьйтуш, иштта дуьйцу вайн махках лаьцна: «БIаьргашна хьалха Iуьллура буьрса, чолхе, къарлур йоцу Нохчийчоь. БIешерийн юькъа хьаннаш. Царна юкъахь къайлаевлла нохчийн ярташ. Дагестанехь, ялта ледара кхуьуш долу латта а дешин меха ду, ярташ яккхий ю, вовшашна генахь ю – латта къен ду. Ткъа Нохчийчохь ярташ кегий ю, амма уьш дукха ю, хIунда аьлча, хьена а, беркате а латтанаш шортта ду».

КУСАЕВ Iадизан «Соьлжа-ГIала» книги тIера.

Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

№20, пIераска, бекарг (март) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: