Новкъабехира эскарехь гIуллакх дан буьгурш

IMG_9848

Кху деношкахь даздаран хьолехь новкъабехира эскарехь гIуллакх дан боьлхуш болу Нохчийчуьра кегийрхой. Республикин военкоматехь хилира цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Кхеташонан секретарь Усмаев Вахита, Нохчийн Республикин тIеман комиссар Джайраханов Ахьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам, иштта эскарехь гIуллакх дан боьлхучеран гергарнаш, кхиберш а.

Эскарехь гIуллакх дан боьлхурш декъалбеш, къамел дира Кадыров Рамзана.

–Халкъалахь олуш дара, эскарехь гIуллакх дан ваханарг стаг хуьлий воьрзу цIа, олий. Шу вайн Даймахкана гIароле хIитта арадевлла ду тахана. Оцу некъа тIехь шун аьтто хуьлийла а лаьа, – бохура Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен къамелехь иштта билгалдаьккхира, эскарехь гIуллакх дан боьлху кегийрхой шайна тIедехкинчу декхаршца ларориг хиларх вайн регионан куьйгалла тешна хилар а.

– Тхо тешна ду эскарехь аш шайн дикачу агIор бен цIе йоккхуьйтург цахиларх, шайна тIедиллинарг кхочуш а деш, Даймахкана хьанал а долуш, шайн ден-ненан, иштта вайн дерриге а къоман юьхь ларъеш чекхдевриг хиларх а.

Эскаре боьлхучу кегийрхоша чIагIо йира шаьш Россин Федерацин Конституцин законаш а лардеш, Даймакана хьанал а долуш чекхдевриг хиларх.

Нохчийн Республикин тIеман комиссара хаийтира карарчу шарахь эскаре гIуллакх дан 500 жима стаг гIуриг хилар.

–Эскарехь гIуллакх дан карарчу шарахь дIавуьгучу пхи бIе стагах тахана 25 новкъаваьккхина, уьш Севастополе буьгур бу. Карара шо чекхдалале Россин тайп-тайпанчу регионашка дIабуьгур бу бисинарш а. Царах 100 стаг чоьхьарчу эскарехь гIуллакх дан вуьгур ву, ткъа вуьйш Россин оборонин министерствон эскаре, – билгалдаьккхира цо.

Билгалдаккха догIу, карарчу шарахь 500 стаг эскаре гIуллакх дан вига сацам Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дехарца Россин Федерацин оборонин министра Шойгу Сергейс тIеэцна хилар.

Цхьаьнакхетар дерзош кегийрхой новкъабовлале нохчийн ловзар хIоттийра гулбеллачара.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: