В.Путинан бIаьрла толам

Бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь вайн махкахь дIабаьхьначу Россин Президентан харжамашкахь, цхьа а шеко йоцуш, уггаре а жигара дакъалецира Нохчийн Республикерчу харжамхоша.

Iуьйранна 8 сахьт а далале харжамийн дукхах йолчу каппашкахь, ткъа уьш Нохчийчохь 475 яра, раьгIнаш хIитта юьйлаелира. Дезачу дийне санна кечбелла баьхкинера харжамхой. Уьш нохчийн оьздачу гIиллакхашца догIуш ма-хиллара, белабелла, бекхабелла тIеоьцура харжамийн комиссийн декъашхоша. Иштта дIадолийначу гIуллакхан тIаьхье беркате ца хуьлийла а дацара.

Иза билггал иштта хилар гайтира харжамашна билгалйина хан чекхйолуш. Харжамашкахь дакъалаьцнера 649 эзар сов харжамхочо. Иза берриге а харжамхойх 91,54 процент хуьлу. Дийнна Россехь а уггаре а лакхарчех гайтам бара иза. Харжамашкахь дакъалаьцначарах 91,44 процент болчара шайн кхаьжнаш дIаделлера Путин Владимирехьа. ШолгIачу меттехь волчу Грудинин Павлехьа кхаьжнаш тесира 4,62 процент харжамхоша. Ткъа кхоалгIачу меттехь волчу Бабурин Сергейгахьа кхаьжнаш дIаделларш 1,18 процент харжамхой бара. Оцу терахьаша бIаьрла гойту Нохчийчоьнан, берриге а бохург санна, бахархоша В.Путина дIахьош йолу политика къобалъеш хилар.

Россин Харжамийн коьртачу комиссин председатела Э.Памфиловас оршотан Iуьйранна (бекарг (март) беттан 19-гIа де) бинчу хаамашца нийса а догIуш, Россехь харжамашкахь дакъалецира 67 процент сов харжамхоша. Юьхьанцарчу жамIашца, хьесапе эцнарш 99,8 процент кхаьжнаш а долуш, харжамашкахь бIаьрла толам баьккхина вайн мехкан таханлерчу Куьйгалхочо В.Путина. Цуьнгахьа кхаьжнаш тесна 76 процент сов харжамхоша. ШолгIачу меттехь ву КПРФ-о хьалхатеттина волу П.Грудинин. Цуьнгахьа кхаьжнаш дIаделла 11,2 процент харжамхоша. КхоалгIачу меттехь ву В.Жириновский. Иза мехкан Президентан даржехь хила лиъна 6,7 процент харжамхошна.

Вай юха а боху, лакхахь довзийтинарш юьхьанцара жамIаш ду. Уьш хийцадала тарло. Амма дукха хийцалур дац. Цхьа а шеко йоцуш, харжамашкахь толам баьккхинарг В.Путин ву. Иза хIинцале а чIагIдина шаьш дIаяьхьначу пресс-конференцешкахь мехкан Президентан дарже хиллачу берриге а кандидаташа. Цара иштта билгалдоккху харжамийн кампани, цхьакIеззиг кхачамбацарш ца лерича, цIена дIаяьхьна хилар, Россин харжамийн хьокъехь долу законаш лардина хилар.

Харжамашна тIехь терго латтош хиллачу 150 пачхьалкхерчу 1 500 гергга тергамхочо а даре дина хIара харжамаш, талхораш доцуш, низамехь, харжамхойн лаккхарчу жигараллица дIабаьхьна хилар. Вайн республикехь дIабаьхьначу харжамашна тIехь терго латтош вара 3 500 гергга юкъараллин тергамхо.

Ялх шарна мехкан куьйгалле юха В.Путин хоржуш чекхбевли харжамаш. Дала тIаьхье беркате йойла церан!

Д.АНАДЕВ

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: