ГIирма Россех юха схьакхетта 4 шо кхачар билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь

Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь йоккха митинг-концерт хилира кIирандийнахь. Иза лерина яра ГIирма а, Севастополь а Россе «цIайирзина» 4 шо кхачарна.

Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос бинчу хаамца нийса а догIуш, цигахь дакъалецира 70 сов эзар стага: Iедалан, динан, юкъараллин векалша, кегийрхойн боламийн жигархоша, студенташа, соьлжагIалахоша, кхечара. Цаьргахь ГIирма а, Севастополь а «цIаерзарна» леринчу суьртийн а, йозанийн а баннерш а, аннаш а, иштта, Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш а яра.

Гулбеллачаьрга ша динчу къамелехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ГIирман а, Севастополан а 4 шо хьалха Росси «цIаерза» хилла болу лаам Нохчийчоьнан халкъана къаьсттина юххера хилар.

«4 шо хьалха ГIирманна а, Севастопольна а хьалха лаьттина харжам 15 шо хьалха вайн халкъана хьалха а бара лаьтташ. 4 шо хьалха цара санна, 15 шо хьалха вай а къастийра кхидIа болу некъ а, дахар а Дерригхалкъан референдумехь. И харжам вай бар бахьана долуш, Россин Федерацин кхачам боллуш йолу субъект а хилла дIахIоьттира Нохчийчоь! Тахана вай меттахIиттийна гIаланаш, ярташ, больницаш, школаш, фабрикаш, заводаш. Кхиаман новкъахь ду вай. Амма, оцу муьрехь, цхьа а тешаш вацара вайн кхане хир ю бохучух. 500 сов школа ю республикехь. 3 шарахь 50 сов школа йина, кхин а 20 ян а йолийна. ТIедогIучу масех шарахь школел хьалхарчу а, школерчу а дешаран проблемаш дIайохур ю вай. Иштта, промышленность кхиорехь а, бахархойн социальни хьашташ кхочушдарехь а дика ларош ду республикин Iедал. Юьртабахаман декъехь а бакхий кхиамаш бу хаалуш. И мел дерг Iедал а, халкъ а цхьаъ хиларца доьзна ду», – элира цо.

Цул сов, цо билгалдаьккхира нохчийн халкъо Россин таханлера Iедал къобалдеш хилар а, Нохчийчоьнан дахар цунна Россица цхьаьна гуш хилар а.

«И бахьана долуш жигара дакъалеци нохчийн халкъо Россин Федерацин Президентан харжамашкахь. Республикехь Россин Федерацин таханлерчу Президентана 91 сов процент кхаьжнаш тесна. Халкъо кхин цкъа а гайтина ша 15 шо хьалха хаьржинчу некъана муьтIахь хилар. Цундела, со тешна ву, сайн а, республикин бахархойн а цIарах Россин таханлера Президент шен дарже юхахаржарца декъалвича, суо харц хирг цахиларх!», – тIетуьйхира Кадыров Рамзана.

Соьлжа-ГIалина тIехулара стигал серла а йоккхуш, кхоьссинчу шатлакхца дIадирзира цхьаьнакхетар.

Дагадоуьйту ГIирма а, Севастополь а 2014-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахьлерчу референдумехь цигарчу бахархоша бинчу сацамца нийса а догIуш, Россина юкъаеана хилар.

И.ИСЛАМОВ

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “ГIирма Россех юха схьакхетта 4 шо кхачар билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь” йаздарна бухахь

    1. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт лелорна тIехь тергояран комиссис бинчу сацамца нийса а догIуш, Нохчийчоьнан пачхьенан цIе «Соьлжа-ГIала» аьлла лелош ю.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: