Шемарчу Малхбален Гутера тIаьхьарчу деношкахь араваьлла 50 эзар сов маьрша стаг. Царна юкъахь дукхахберш зударий а, кхиазхой а, бераш а ду. Уьш арабовларна шайн ницкъ ма-кхоччу дуьхьалонаш йира террористаша, минометаш а, снайперш а етташ. Цундела гIалара арабевллачарна юкъахь чевнаш хилларш а бу. ХIинца Шемара Iедал оцу гIалара а, цунна гонахарчу ярташкара а арабевлларш дIанисбаран хьокъехь гIайгIабеш ду.
***
Хонкаран эскарша, Шемарчу оппозицин ницкъаша гIо а деш, схьаяьккхина Африн гIала. Кху шеран чиллин (февраль) баттахь дIайолийна яра «Зайт-диттан га» цIе йолу тIеман операци. Герзашца болчу курдашна дуьхьал дIахьош яра иза. ГIала царах паргIатъяьккхина. Делахь а, дуьхьало яр сацон дагахь бац курдийн «Халкъ лардаран ницкъаш» боламан декъашхой. Цара дIахьедина шаьш партизанийн тIом барна тIедовлуш хилар.
***
Чинин Председателан дарже хаьржина юха а Си Цзиньпин. Мехкан Конституци тIехь хийцамаш бина иза кхалххалц оцу даржехь витир чIагIдеш. Дийцарехь, и хийцам къобал бина халкъо а. Чинин Председатель Си Цзиньпин оцу дарже харжарца декъалвина Россин Президента В.Путина. Шен декъалдарехь цо билгалдаьккхина тIаьхьарчу шерашкахь Россин а, Чинин а юкъаметтигаш дикка чIагIъелла хилар, цхьаьна гIуллакхаш дар шо-шаре даларца тIеттIа шорлуш хилар.
***
Великобританин Iедало Россин 23 дипломат Лондонера араваккхарца доьзна Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министра С.Лавровс дIахьедина вайн махкара Ингалсан 23 дипломат аравоккхуш хилар а, Санкт-Петербургехь йолу Великобританин генконсульство дIакъовлуш хилар а. ХIара кIира чекхдалале Россера аравала везаш ву Ингалсан 23 дипломат.
***
Филиппинехь доьхна жима мотораш йолу пассажарийн кема. Цу тIехь хилла 10 стаг кхелхина. Кема дохаран бахьана цкъачунна хууш дац. Иза хааран Iалашонца вовшахтоьхна пачхьалкхан леррина комисси. Цуьнан декъашхоша дIахьош ду талламаш баран гIуллакхаш.
***
Африкин а, Iаьрбийн а мехкашкара мигранташ Европин пачхьалкхашка схьаэхар мелла а алсамдаьлла бIаьсте герга гIоьртича. Цхьа а къепе а, бакъо а ца ларъеш схьаоьху уьш. И бахьанехь кест-кеста бохамаш а хуьлу. Иштта, ши-кхо де хьалха, Желтойчоьнан дозанашка герга кхаьчча хи буха дахана тиша гIикх (лодка). Цу тIехь хиллачарах 16 стаг кхелхина.
***
Хууш ма-хиллара, бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь Россин Президент харжарехьа кхаьжнаш тасийта харжамийн каппаш ехкира 150 пачхьалкхехь. Делахь а, Украинин Iедало оцу бакъонах хадийра оцу пачхьалкхехь болу вайн махкахой. Иштта, кхаж тасарна новкъарлонаш еш питанаш лелийра цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкахь а. Ша аьлча, США-хь, Керлачу Зеландехь, Гуьржийчохь, кхечанхьа.
***
БIаьсте яьлла а моттийтина, юха а шело хIоьттина Европин цхьамогIа мехкашкахь. ХIокху хенахь цкъа ло дуьллуш хилла йоцу Францин коьрта шахьар Париж кIайелла дIахIоьттина. Ло ду тхевнаш тIехь, майданашкахь, урамашкахь. Иштта шело хIоьттина Польшехь а, кхечанхьа а. Синоптикаша дийцарехь, кхин цхьана кIиранах латта тарло Европехь шелонаш.
***
КIирандийнахь (бекарг беттан 18-чу дийнахь) даздарш деш дерзийра Къилба Корейхь XII-гIа Паралимпийски ловзарш. Кхиамца дакъалецира цигахь Россерчу паралимпихоша. Тоьллачу вайн спортсменашна Пхенчхане боьду некъ дуьненаюкъарчу олимпийски комитето бихкина хиллехь а, цига баханчу спортсменаша 27 мидал яьккхина, царах 7 дашон мидал ю.
№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо