Хьежамаш хийца

Дуккха а хьал а, таро а йолу цхьа стаг хилла чIогIа бIаьргаш лозуш. Мел говза лоьраш тIеэхарх а, масийтта тайпана молханаш леладарх а бIаьргаш толуш ца хилла хьоладен.

Эххар а, дика дарба лелош хьекъале цхьа стаг ву аьлла хезна хьоладена. Лоьрашка дарба дан ца деллачу цамгаршна дарба лелийна ву, бохуш и шега вийцича, сиха и шена тIевалавайтина дархочо.

Шен цамгар йийцича, хьекъалечу стага цуьнан бIаьргашка а хьаьжна аьлла: «Хьо цхьана баттахь баьццара бос болчу хIумане бен хьежа ца веза. Хьан бIаьрсина баьццара бос бен ган ца беза. Варийлахь, хьайн бIаьрг кхечу басна тIе ма хIоттийталахь».

И дарба а хьехна, бутт баьлча юхавогIур ву ша аьлла, дIавахана хьекъале стаг. Иза тамашийна дарба хеттехь а, кхечу молханех дарба ца хуьлуш волу хьолада реза хилла и лело.

Хьоладас масийтта черма баьццара басар эцна. Ша Iаш волчу чохь а, гонаха бIаьрг тIе мел хIуттур болчу хIуманна а баьццара басар тохийтина цо чухIиттинчу белхалошка, хьекхалечу стага ма-аллара дарба дархьама.

Бутт хан яьлча юхавеана хьекъале стаг. Хьоладен хIусам чу волуш цунна тIехь йолу бедар баьццара ца хилла. Иза гича тIехьаьвдда хьоладен белхалоша цхьа черма хиллал баьццара басар тIеIанийна цунна, хьоладена дуьхьал хIоттале.

И басар шена тIеIанийча вела а велла аьлла хьекъалечу стага: «Массо а хIуманна баьццара басар тухуш йоккха харж ца еш, оцу шайн хьоладена баьццара куьзганаш эцнехьара оццул дукха ахча дер ма дацара. ХIокху цIийнан пенаш а эрчадевр дацара. УьйтIара дитташ талхийна хир дацара. Дерриге а дуьне баьццарчу басе даккхалур ма дац шуьга».

Дийцаран жамI: Дуьне хийца а ца гIерташ, дуьнене болу хьежамаш хийца хьовса деза адамаш. Дуьне вайна нийса хетачу кепе дало гIертар а, нах хийца гIертар а Iовдалалла ю.

Ингалсан маттера гочдинарг – БЕНО Iабдул-Хьамийд

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: