ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьначу гIуллакхехь цIеяйъаран-кIелхьардаккхаран дакъошна (подразделенешна) юкъахь некъан бохаман тIаьхьенаш дIаяхарехь уггаре а тоьлла дакъа къастийра.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин куьйгалхочо Яхъяев Руслана тIедилларца дIаяьхьира мероприяти.
Къийсадаларийн Iалашо яра гIо оьшуш стаг хилахь, цунна дика гIодийр долу цIеяйъаран говзалла караерзор.
Командашна хьалха лаьтташ дара некъан бохамехь лазийна стаг машенчуьра схьаваккхаран декхар. И гIуллакх сиха а, бакъенаш ларъеш, нийса а дан дезара.
Иштта, МЧС-н белхахоша йовзийтира йохийначу машенчуьра лазийнарг схьаваккхаран а, цIейойъург нийса лелоран а кепаш. Дийцира некъан бохамашкахь лазийначарна больнице кхачале гIо муха дан деза а.
Яккхий цIерш яйъаран №23 йолчу лерринчу декъан белхахоша хьалхара меттиг яьккхира. Уьш цигахь билгалбехира кубкашца а, мидалшца а.
Толамхоша дакъалоцур ду регионашна юкъахь дIахьур долчу къийсадаларашкахь.
А.АЛИЕВ
№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо
Нийса: ЦIеяйархошна, цIеяйан, цIейойург.
Нийса дац: ЦIеяйъархошна, цIеяйъан, цIейойъур.
Нохчийн Республикин Iилманийн академехь нохчийн меттан орфографин цхьадолчу хаттаршна лерина, чекхдаьллачу 2017-чу шеран хьалхарчу муьрехь дIаяьхьначу кхеташонехь хилла сацам бу хIинццалц «й» а, «а» а къасторехь «ъ» ца лелийнехь, кхидIа йолчу ханна и юкъахIоттор. Цуьнца нийса а догIуш, хIинццалц «айа», «яйа» и.дI.кх. а хиллехь, хIинца дуьйна «айъа» а, «яйъа», и дI.кх. а ду.
Вы извините конечно, но какой смысл в этом постановлении, для чего ставить твердый знак между «й» и «а», если в этом нет нужды, лишняя перегрузка текста и так перегруженного знаками? Нет смысла в этом нововведении, был бы смысл в этом постановлении, если бы «я», «ю» писались как «йа», «йу», а так как «я», «ю» пишутся как «я», «ю», то в этом нет смысла. Многие не понимают, но нынешний чеченский алфавит был создан известными лингвистами союзного значения и все эти нюансы были учтены. Жаль, что вводят абсолютно безосновательные новшества в алфавит. Алфавит и без этого неплохой, не стоит его вечно менять в ненужном направлении.