«Тхан къайленаш а, хазна а» гайтам хилира

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Мемориалан комплексан музейхь «Тхан къайленаш а, хазна а» суьртийн гайтам дIабаьхьира.

Чувашийн Республикин суьрташдахкархойн Союзан декъашхочун, профессоран, Россин исбаьхьаллин академин президиуман декъашхочун, Россин халкъан суьрташдахкархочун Федоров Ревелан а, цо Iамийначу цуьнан кIентан Чувашийн Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочун а, Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочун Федоров Александран а 70 сов болх бара гайтамехь.

Федоров Ревель Чувашийн Республикин а, регионашна юкъарчу а, Ерригроссин а, дуьненюкъарчу а гайтамашкахь дакъалаьцна ву.

Цуьнан исбаьхьаллин белхаш (Чувашийн а, Россин а, Европин пачхьалкхийн а) музейшкахь а, галерейшкахь Iалашдеш ду.

Гайтам схьабоьллуш ФедоровгIеран Ревелан а, Александран а кхоллараллин некъах лаьцна дийцира А-Хь.Кадыровн цIарахчу Мемориалан комплексан директоран заместитела, историйн Iилманийн кандидата Хатуев Ислама.

Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди а, Парламентан депутаташ: М.Тагиев, В.Кашлюнов, I.Нагаев, иштта Нохчийн Республикин Суьрташдахкархойн союзан декъашхой а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан а студенташ, юкъараллин организацийн а, кхоллараллин интеллигенцин а векалш.

– Лараме хьеший, шу марша догIийла! Суна хазахета тхан махкахошца а, кегийрхошца а шун цхьаьнакхетар хилла. ХIара тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьар бахьана долуш къаьмнашна вовшашна довзар а, хIора къоман культура а, гIиллакх а довзар хуьлу. Цундела суна баркалла ала лаьа таханлера гайтам вовшахтоьхначарна. Кхечу халкъан суьрташдахкархоша дехкинчу суьрташка хьаьжча, вайна хаало церан хатI, чам. Вайна ма-хаъара, кегийрхой вайн кхане ю. Кегийрхой деша а, къахьега а лууш хила беза. Кхолларалла евзаш кхио а беза, – элира Х-Б.Дааевс.

Цул тIаьхьа вистхилира Федоров Александр: – Тахана хIокху гайтаме вар ца хиллехь а, Нохчийн Республике доккха маршалла доуьйту тхан дас. Иза чIогIа воккхавеш ву нохчашца долчу гергарлонах а, Чувашийн Республике шун болчу ларамах а.

Кхул хьалха а Нохчийн Республикехь хиллачу Россин суьрташдахкархойн гайтамехь дакъалаьцна ву со. Тхан кхоллараллин аш лаккхара мах хадийна хиларх воккхавево тхойшиъ. Тхан дас шен суьртех цхьа сурт музейна совгIатана дитина.

Иштта, суна сайгара совгIат дан лаьа Нохчийн Республикин культурин министрана Дааев Хож-Баудина Чувашийн халкъан кхоллараллех лаьцна книга яларца.

Даггара баркалла ала лаьа гайтам вовшахтоьхначарна а, культурин министерствона а.

Культурин министра Дааев Хож-Баудис республикин хьешашна Сийлаллин грамоташ елира. Иштта, А-Хь.Кадыровн цIарахчу Мемориалан комплексан музейн директора А.Ахмадовс а суьрташдахкархошна совгIаташ дира Баркаллин кехаташца.

АСЛАХАНОВА Хеда

Авторан суьрта тIехь: гайтаман дакъалацархой

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: