«РобоФест–2018» фестивалехь – толамаш

Москвахь хIора шарахь дIахьош ю Ерригроссин роботехникин «РобоФест» фестиваль. Россин ерриге а регионашкарчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а кегийрхоша дакъалоцу цигахь.

Фестивалан коьрта Iалашо ю къона инженераш, конструкторш кхиор ю. Берийн жимачохь дуьйна оцу Iилмане безам бахийтар, адамийн хьашташ кхочушдарна оьшуш йолу техника ян Iамор.

Ткъа хIокху шарахь дIаяьхьна «РобоФест-2018» фестиваль дукха хан йоццуш дIайирзина, билгалъевлла толаман меттигаш яьхна командаш.

Нохчийн Республикера цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIалин берийн «Кванториум» технопаркин дешархой.

Оцу фестивалан «Робототехника», «Беспилотные авиационные системы» дакъошкахь шайн белхаш бовзуьйтуш яра Нохчийчуьра «DronX», «DronM» командаш.

Инженерин декъехь вайн бераша лаккхара хаарш гайтира.

«Маневрирование» а, «Полет с удержанием высоты» а номинацешкахь шина а командо хьалхара а, кхоалгIа а меттигаш ехира.

– Тхо хIокху фестивалехь дакъалаца кечамаш беш долу дуккха а хан яра. Кхузахь дакъалаца лааро дешархойн дог-ойла ир-кара хIоттийнера. Инженерин Iилманан цхьа дакъа схьа а эцна, цу тIехь дикка болх бира цара. Роботаш, кеманаш деш самукъа долу церан. Цу декъехь къа а хьоьгуш, тIейогIучу хенахь инженераш-Iилманчаш хила лаам болуш бу уьш.

«РобоФест» фестивалехь дакъалацаро дуккха а керланиг довзуьйту, кхечу берашца доттагIалла а тосу. Коьртачу суьдахочо билгал ма-даккхара, «Полет с удержанием высоты» номинацехь кема тIома дика лелорца билгалъелира тхан цхьа команда, – элира Соьлжа-ГIалин берийн «Кванториум» технопаркин «АэроКвантум» декъехь волчу тренера-хьехархочо Яндырбаев Расула.

«РобоФест» фестивалехь толам баккхарх тоам бина Iен дагахь дац бераш, техникин декъехь йолчу кхечу фестивалашкахь а дакъалоцур ду цара. Кечамаш бар хIинцале а дIахьош ду.

ВЕГИЕВА Макка

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: