Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

Нийсса 15 шо хьалха, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь нохчийн дерриге а халкъана историн маьIна долу хилам – референдум хилира Нохчийчохь. БIаьрлачу толамашца а, кхиамашца а, гIуллакхашца а билгало хилла, керла, маьрша дахар дIадолоран юьхь хилла дIахIоьттира иза.

ХIокху дийнахь, дерриге а халкъо кхаж а тесна, тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци. Референдум дIаяхьа езаш хилар а, цигахь Нохчийчоьнан Конституци тIеэца езаш хилар а юкъадаьккхинарг вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Референдум дIаяхьа хьалхе ду, кегари болчу хенахь еш ца хуьлу иза бохуш дIахьош хиллачу къийсамашка а, хабаршка а, террористаша туьйсучу кхерамашка а хьаьжна ца Iаш, референдум хилира. Кхаьжнаш таса аравелира 500 эзар сов стаг. Харжамхойх 90 процент гергга болчара кхаж тесира Коьртачу законан проект тIеэцарехьа. Иштта, республикерчу бахархоша дIахаийтира шайна дуккха а къаьмнаш долчу махкахь даха лууш хилар.

Вай дицдан ца деза нохчийн махкахь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа вайн хIун мах дIабала дезна. Бакъйолу истори, ша ма-ярра йовза еза вайн тIаьхьенашна, кхул тIаьхьа цу тайпа бохам ца хилийта.

Нохчийн халкъо ловш хиллачу Iазапийн, баланийн, бохамийн чаккхенан билгало хилла дIахIоьттира референдум. Иза дIаяхьа аьтто белира референдум дIа ца яьхьча йолуш цахиларх Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа чIогIа тешна хилла хиларна.

Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара бакъонийн бух ца хилча законаш болх беш цахиларна, талораш дарна, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьалург цахиларх, уьш эшалург цахиларх, Нохчийчуьра къелла а, мискалла а дIаяккхалург цахиларх. Цуьнан ондда гIолецира Россин Президента Путин Владимира.

Цул тIаьхьа дIадевллачу шераша тоьшалла до иза ша цхьаъ бен боцу нийса некъ хилла хиларна. Конституци тIеэцар бух хилла дIахIоьттира юкъараллехь барт, цхьаалла хилийтарна, машар, синтем хиларе кхачарна, экономика кхиарна, адамийн дахаран-Iеран хьелаш тодаларна. Оцу дерригене а кхача гIерташ вара Ахьмад-Хьаьжа.

Хьомсара доттагIий! Ас воккхаверца декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин денца! Лаьа шун доьзалшкахь аьтто, беркат лаьттийла, шун дахар маьрша а, ирсе а хуьлийла.

№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: