Хьомсара Нохчийн Республикин бахархой! Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн корпусан а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин денца!
Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула референдум 15 шо хьалха хилира. Иза дIаяхьа езаш хилар юкъадаьккхинарг а, иза дIаяхьарна дог-ойла гIаттийнарг а, ткъа иштта, республикин Коьртачу законан проектан автор а вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
ХIетахь цо дIахьедира халкъан муьлхха а харжам тIелаца ша кийча хилар, хIунда аьлча, халкъан лаам коьрта лорура цо. Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара халкъан цхьа лаамо бен республикера хьал машаран некъа тIе доккхург цахиларх. Иза тешна вара иза беккъа цхьаъ бен боцу нийса некъ хиларх.
Вайна дагадогIу референдумна кечамбар мел халачу муьрехь дIадаьхьира. Дуьненаюкъарчу террористийн а, экстремистийн а тобанаш референдум ца яйта яртарх а, Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан бIанакъосташа кхочушбира Нохчийн Республикин халкъан лаам.
Кегарийн а, бакъоцахиларан а, гамонийн а муьре вай кхин кхочург цахиларна тIадам хIоттийра Конституцин тIеэцарца. Халкъан лаамца Коьрта закон тIеэцарца дIаболабелира керлачу, машаречу дахаран, республикин кхиаман мур.
Халкъан а, Даймехкан а Iалашонашна вацаран кодекс санна, дозаллица кхочушбо Ахьмад-Хьаьжин некъ Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а, эзарнашкахь болчу цуьнан уьйрхоша а. Цара бечу балхо а, кхочушдечу гIуллакхаша, онддачу а, сийлахьчу а Россин Федерацина юкъахь а йолуш, кхиаме кхачийна республика.
Вай декхарийлахь ду Ахьмад-Хьаьжас дIакхайкхийна болу машар а, барт а ларбан. Даймехкан дуьхьа болчу вайн керлачу кхиамийн бух бу иза. Ас мел верг декъалво Нохчийн Республикин Конституцин денца! Лаьа машар а, барт а, ирс а хуьлийла!
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо