Россин Федерацин Президентан 2018-чу шеран харжамашкахь юкъараллин тергам а, социологин хаттам а дIабахьаран жамIаш деш пресс-конференци хилира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь харжамийн каппаш дIакъевлинчул тIаьхьа.

Пресс-конференцехь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхочо Дунаев Мусас а, Юкъараллин палатин эксперта, политолога Истамулов Iабдуллас а, Россин Кегийрхойн союзан Нохчийн регионан отделенин куьйгалхочо Магомадов Тимура а, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна дийцира республикин юкъараллин каппашкахь юкъараллин тергам а, экзитпол (социологин хаттам) а дIабахьарх лаьцна.
Дунаев Мусас дийцарехь, Юкъараллин палато шина баттахь схьакъастийра юкъараллин организацеша а, боламаша а билгалбаьхна эзар сов юкъараллин тергамхойх тестированих чекхбевлларш. Тергамхой хьовсуш бара республикерчу ерриге а харжамийн каппашка. Цигахь цхьа а талхор гучудаьлла дац царна.
– Россин Федерацин Президентан харжамаш лаккхарчу тIегIанехь а, демократин кепехь, законаш талхор доцуш, низамца дIабаьхьира, – элира цо.
Билгалдаккха деза, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин тIедилларца, Россин Кегийрхойн союзан Нохчийн регионан отделенис республикин 20 сов харжамийн каппашкахь социологин хаттам дIабаьхьна хилар – Соьлжа-ГIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, Гуьмсехь а, Хоси-Юьртахь а.
Магомадов Тимура дийцарехь, социологин хаттам дIабаьхьира статистикин хаамаш сихха хааран Iалашонца харжамийн каппашкара арабовлуччохь. Харжамийн каппаш схьаелларца дIа а болийна, уьш дIакъовллалц дIабаьхьира социологаша хаттам.
– Харжамийн каппашкара арабовлучу харжамхошка бинчу хаттамо гайтира тайп-тайпанчу харжамийн каппашкахь, кандидатехьа Путинехьа 91,5 тIера 96 проценте кхаччалц харжамхоша кхаьжнаш тесна хилар. Бисинчу кандидаташна дуккха а кIезиг кхаьжнаш тесна, – дIабаьхьначу социологин хаттаман жамIаш дира Магомадов Тимура.
Цул тIаьхьа пресс-конференцин дакъалацархоша жоьпаш делира юкъараллин тергам а, социологин хаттам а дIабахьарх лаьцна журналисташа динчу хаттаршна.
I.МУРТАЗОВ
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо