Нохчийн Республикехь уггаре а дукха бахархой болчу районех ю Шелан район. Цуьнан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела ву. Районна чуйогIу 10 юрт: Эвтара, ЭгIашта, БелгIатой, Гермачиг, Дуби-Эвла, Мескер-Эвла, Жима АтагIа, Сиржа-Эвла, Чуьйрин-Эвла, Шела.
Районо дIалаьцна меттиг 63702 гектар ю, районехь вехаш 123679 стаг ву.
Бахархой уггаре а алсам, терахьашца аьлча, 10 эзарнал а сов стаг верг, 4 юрт ю: Шелахь 50503 стаг ву, Эвтарахь – 16123 стаг, Мескер-Эвлахь –10852 стаг, Гермачигахь – 11502 стаг.
Районехь пачхьалкхан 6 бахам бу (госхозаш), иштта 1 зIакар-дохнан фабрика ю. Хууш ма-хиллара, тIеман шерашкахь Шелан районна боккха иэшам хилира, заводаш, фабрикаш хIаллакьхилла. Цхьана Шела шахьарахь масех завод яра, делахь а, Делан къинхетамца хIокху тIаьхьарчу шерашкахь гIишлошъяран декъехь дина бIаьрла гIуллакхаш.
ДIадаханчу 2013-чу шарахь социально-экономикин декъехь йина керла объекташ.
БелгIатой юьртан администрацин гIишло йина, 81,8 кв.м. дIалоцуш. Гермачигахь берийн беш йина, 140 берана лерина. Иштта Гермачигарчу №1 йолчу школин 4 класс а, столови а тIехоьттина.
Чуьйрин-Эвлахь – зударийн «Муъминат» хьуьжар, 96 меттигна лерина. Шелара «Бизнес-центр» олу гIишло юхаметтахIоттийна.
Шелахь хинан биргIанаш хийцина 3,2 км. йохалла. Мескер-Эвлахь газ юьгуш 1850 м. йохалла керла биргIанаш ехкина. Районера гIашлойн 8 тIай тодина.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьн Кадыров Рамзанан тIедилларца Чуьйрин-Эвлахь поселок тояйтина. (Цигахь жамIат маьждиг а, спортзал а йина).
Шела шахьаран юккъехь деш керла доккха маьждиг ду, 9 эзар стаг цкъа дIахIоьттина ламаз дан аьтто хир болуш. Иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах хир ду.
Цо дIалаьцна меттиг 168 кв. мю. Районехь транспортаца долу гIуллакх а мелла а гIолехь ду кхечу районашкахьчул а. «Чечавтотранс» автопаркехь 22 автобус а, 13 «Форд» микроавтобус а ю. Шелахула дIасалелаш 7 рейсови автобус ю.
Дешаран декъехь долу хьал вуон дац. Ерриге а районехь дешаран 30 учреждени ю, царна юкъахь 1 гимнази а, 3 кхитIедешаран учреждени а ю. 20851 дешархо ву школашкахь, ткъа гимназехь доьшуш 629 дешархо ву, царна хьоьхуш 1832 хьехархо ву. Школашкахь хила дезачул кхузза сов ду бераш. Масала, Шелара №8 йолу школа 520 меттигна бен лерина яцара. Цигахь доьшуш 1267 бер ду.
Цу кепара хьал ду районерчу ерриге а яртийн школашкахь.
Районехь дарба даран, профилактика яран декъана, юкъайогIу «Шелан районан центральни больница». Иза 360 меттигна лерина ю, шеца цхьаьна поликлиника а йолуш. Цхьана дийнахь 550–600 дархо тIеоьцуш нисло цигахь. Иштта, болх беш ю сихачу гIоьнан отделени. Цунна юкъа йогIу лоьрийн-фельдшерийн бригада а, «Могашлалла» центр а.
Чуьйрин-Эвлахь больница ю 85 меттигна, цуьнца цхьаьна поликлиника а ю. Дийнахь 120 стаг вогIу цига. ЭгIаштахь фельдшеран-акушерски пункт ю (ФАП).
Районехь туберкулезан отделенехь а 445 меттиг ю дархошна лерина.
МогашаллаIалашъяран декъехь къахьоьгуш 1142 стаг ву. Царех лоьраш – 173 ву, юккъера лоьрийн персоналана юкъавогIу 529 стаг. Проценташкахь аьлча, Шелан районехь лоьрашца кхачо хилар 75 процентана бен дац, лоьрийн амбулаторешца – 52 процентана бен дац.
Районан культурин декъехь долу хьал а довзийта лаьа.
Районехь 11 Культурин цIа ду. Культурин декъехь къахьоьгуш 150 белхахо ву, говзанчаш – 117 стаг, технически персонал – 33 стаг.
11 библиотека ю районехь. Берийн музыкальни 2 школа ю.
Дуккха а яртийн Культурин цIенош эцначу хIусамашкахь дIатардина ду. Нехан доларчу цIеношкахь ду ЭгIаштара а, Эвтарара а, Дуби-Эвлара а Культурин цIенош.
Шелара Культурин цIа юха керла деш ду гIали юккъехь. Иза кхузаманан лехамашка хьаьжжина, массо а агIор аьтто болуш, куьцехь а хир ду.
ТIаьхьарчу хенахь спортаца долу гергарло мелла а алсамдаьлла районерчу кегийрхойн а, берийн а.
Масала, 2013-чу шарахь спортаца гергарло долуш кегийрхойх 20360 стаг вара.
Районехь спортан дукхаеза кепаш волейбол, футбол, бокс, паргIат кепара охьатохар, дзюдо, тхэквандо ю. Спортан кружокашкахь долчу бераша жигара дакъалоцу вайн республикехь а, иштта луларчу регионашкахь а хуьлучу спортан къийсадаларшкахь. Шела гIалахь 2013-чу шарахь 1500 стаг охьахууш стадион йина.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Чуьйрин-Эвлахь спорткомплекс йина мел оьшу хьелаш а нисдеш.
Карарчу хенахь Шела гIалахь еш яккхий гIишлош ю. 9 эзар стагна лерина Кадыров Рамзанан цIарах маьждиг, керла Культурин цIа, садаIаран центр, ткъа иштта «Шали сити» олуш хIусамийн лекха цIенош.
Районерчу Чуьйрин-Эвлах лаьцна деша таро ю газетан хIокху номеран 4-чу аг1он тIехь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА