Дерриге а халкъан референдуман хьокъехь

Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолоран гIо а лоцуш, пхийтта шо хьалха Россин Федерацин Президента Путин Владимира къобалдира Нохчийн Республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяхьар.
***
2013-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Iуьйранна 8 сахьт даьлча шайн неIарш схьайиллира харжамийн 416 куьпо. Массанхьа а йоккха жигаралла хаалора. Харжамхойн кхерамазаллина гIаролехь лаьтташ бара нохчийн милцой.
***
Оцу дийнахь харжамийн каппашкахь долу хьал а, харжамхойн жигаралла а шена гича, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, дог-ойла гIаьттина а волуш, дIахьедира: «ХIинца дуьйна, хIора шарахь, 23-чу мартехь вай даздийр ду Нохчийн Республикин Конституцин де. Иза мокъа де а хир ду».
***
Нохчийн Республикин референдумехь дакъалаьцначу харжамхойх 95,5 процент болчара кхаж теснера Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехьа. Дукхах болчу харжамхоша ешна яра иза. Делахь-хIета, дика бевзара цуьнан чулацам.
***
Харжамхойх 96,3 процент болчара кхаж теснера «Нохчийн Республикин Президент харжаран хьокъехь» долу Нохчийн Республикин закон тIеэцарехьа. Цу тайппана кхаж тесначарна дагахь дара Нохчийчоьнан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хила везаш хилар.
***
Харжамийн коьртачу комиссин декъашхоша динчу жамIашца оцу дийнахь харжамашкахь дакъалаьцначу харжамхойх 95,8 процент болчара кхаж теснера «Нохчийн Республикин Парламент харжаран хьокъехь» долу Нохчийн Республикин закон тIеэцарехьа.
***
Референдум дIахьочу дийнахь шайгара йоккха жигаралла гайтира Гуьмсан, Курчалойн, Веданан, Шелан, Нажи-Юьртан, Итон-Кхаьллан, цхьамогIа кхечу кIоштийн бахархоша. Ерриге а бохург санна, йохийна йолчу Соьлжа-ГIалахь а хаалуш яра харжамхойн жигаралла.
***
Вуно мехала политикин хилам хиларе терра, Нохчийн Республикин дерриге а халкъан референдум дIаяхьарна тIехь терго латтош бара Россин тайп-тайпанчу политикин партийн а, боламийн а векалш, дозанал арахьарчу иттаннаш пачхьалкхийн тергамхой.
***
Харжамаш дIабахьарна тIехь терго латтош хиллачу Мисаран арахьарчу гIуллакхийн министра, СССР-хь посол хилла волчу Галеб Мурада къобалдира референдуман жамIаш, билгалдаьккхира иза бакъонийн гурашкахь дIаяьхьна хилар.
***
Референдум чекхъяьлла буьйса, массо а цецвуьйлуш, цхьа а герз ца кхуссуш, зен-зулам ца деш чекхъелира. Тамашийна тийналла хIоьттинера Нохчийчохь. Iалам а дIатийнера. Оцо диканиг хьоьхура.
***
Харжамаш дIабаьхьначул тIаьхьа, кхо де даьлча, дерриге а дуьненна дIадовзийтира референдуман бIаьрла жамIаш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дуьхьал хиллачарна хиира шаьш кхолладеллачу хьолах нийса кхеташ хилла цахилар. Цул тIаьхьа дIадолийра Нохчийчоьнан Президент харжарна кечамаш бар.
***
ХIетахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла ма-хиллара, халкъан хиндолчунна болатан бух боьттира 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьначу дерриге а халкъан референдумо. Цуьнан беркатах ирс оьцуш ду вайн халкъ тахана.

№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: