Нохчийчоь тIеман кIуркIаманера машаран некъа тIе йоккху долу деккъа цхьаъ бен доцу нийса гечо карийнарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара аьлча мискъалазарратал харц хир дацара. Дала деллачу хьекъалца, хьикматца иза духе кхиира вайн халкъ даима а балехь, Iазапехь, холчохь латтош долчу бахьанашна.

ХIора дийнахь республикехь хуьлуш долу зуламаш, талораш совцорхьама хIун дан деза а хиира цунна. Ахьмад-Хьаьжина хетарехь, уггаре а хьалха, законца нийса а догIуш, референдум дIаяхьа езара, Конституци тIеэца езара, цуьнца нийса а догIуш, Iедал харжа дезара, Iедална коьртехь хила везара халкъах дог лозуш, цуьнан хьашташ, лазамаш, лаамаш бевзаш волу, доьналла, къонахалла, яхь-юьхь йолу стаг. Амма, цунна
иштта хаьара халкъан барт ца хилча, иза цхьаьна ца тоьхча дагардинчу оцу мехалчу гIуллакхех цхьа а дан аьтто хирг цахилар.
Дан дезаш дерг хаар цхьаъ ду, кхочушдар кхин ду. ШолгIаниг эзарза хала ду. Кхерамашца, питанашца, тешнабехкашца, мекарлонашца доьзна ду. Иза иштта хиларх дика кхеташ вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. ДIабоьдуш тIом болуш, махках бевлла дIабахана эзарнаш бахархой болуш, хьаннаш сийсош вайн бIеннаш тIемалой болуш харжамаш бан беза бохучух юкъаралла, политикаш кхето вуно хала дара. Цу тIе къасто дезаш дара нохчийн халкъ кхидIа муха, хьаьнца даха лууш ду бохург. Россина юкъахь дуьсу вай, я вешан йозуш йоцу пачхьалкх кхолларан некъ хоржу вай? Оцу хаттарна жоп ца делча цхьа а гIулч йоккхийла дацара. Цунна жоп халкъо ша дала дезаш дара. Ткъа халкъан лаам референдум дIаяьхьчий бен хуийла дацара. И дерриге а дукъ, жоьпалла шена тIелецира Ахьмад-Хьаьжас.
Референдум дIаяхьа езаш хиларан ойланехь иза чIагIвора тIеттIа галдолуш долчу юкъараллин-политикин хьоло а, кIарглуш йолчу политикин, экономикин кризисо а, маьршачу бахархойн бакъонаш массара а – российски бIаьхоша, террористаша, вахабиташа – кIоршаме талхош хиларо а.
Цундела, цу хьокъехь хаддош сацам бале хьалха Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагавелира шен накъостех, Iеламнахах, юкъараллин гIуллакххойх, политикех. Цул тIаьхьа, гулам а бина, нохчийн халкъах. Цара шайна хетарг довзийтича, оцу нехан цIарах кехат яздира Россин Президенте Путин Владимире. Цу тIехь билгалдоккхура нохчийн халкъан референдум дIаяьхьа лаам хилар. Мехкан куьйгалхочо церан лаам къобалбира.

2002-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан векалшца. Масех сохьтехь къамелаш динчул тIаьхьа церан барт хилира Нохчийчохь дерриге а халкъан референдум дIаяхьа езаш хиларан а, цигахь республикин политикин статус къасто езаш хиларан а, Нохчийчоьнан Конституци тIеэцаран а, республикин Президент а, Парламент а харжаран а хьокъехь законаш тIеэца дезаш хиларан а хьокъехь. Юха, цул тIаьхьа, кхо-диъ кIира даьлча Гуьмсехь дIабаьхьира Нохчийн Республикехь дехаш долчу халкъийн гулам. Цигахь шуьйра дийцаре дира Нохчийчохь кхолладелла хьал.
Къамелаш дечара юх-юха а тидам тIебохуьйтура нохчийн халкъ хIаллакьхиларан зила тIе хIоьттина хиларна, катоьхнна нохчийн махкахь къепе а, закон а, Iедал а, низам а дIа ца хIоттадахь нах чIогIа бала хьоьгуш, гIайгIанехь хиларна.
Гулам берзош цара къайкхам бира Россин Президенте В.Путине. Цу тIехь чIагIдора Нохчийчоьнан халкъ, кхечу халкъийн йоллу бакъонаш а йолуш, Россина юкъахь хила лууш хилар а, Россих дIакъасто йиш йоцу цуьнан цхьа дакъа Нохчийчоь хуьлуьйла лууш шаьш хилар а.
Вайн регионехь дехачу къаьмнийн векалийн лаам шена бовзийтича, 2002-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 12-чу дийнахь декабрехь Россин Президента Путин Владимира куьг яздира «Нохчийн Республикин Конституцин» проектехула, Нохчийн Республикин Президент харжаран хьокъехь», «Нохчийн Республикин Парламент харжаран хьокъехь» долчу законийн проекташкахула Нохчийн Республикин референдум дIаяхьаран Положени чIагIъяран хьокъехь» долчу Указана.
Цунна тIе а доьгIна, Нохчийчоьнан Администрацина тIедиллира цхьа бутт балале референдум дIаяхьарна оьшу хьелаш кхолларна кхачояран дерриге а гIуллакхаш вовшахтохар, и гIуллакхаш мехкан правительствехь чIагIдайтар. Россин Харжамийн коьртачу комиссина тIедиллира референдумна кечамбарехь а, иза дIаяхьарехь а Нохчийн Республикин харжамийн комиссина методикин а, бакъонийн а, вовшахтохараллин а гIо-накъосталла дар.
Вайн халкъан дог-ойла дика евзаш волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас йоццачу хенахь чекхдехира рефендум дIаяхьарна оьшуш долу дерриге а гIуллакхаш. Иза тешна вара наха референдумехь жигара дакъалоцург хиларх а, цигахь республикин Коьрта закон тIеоьцург хиларх а. Иза тIеэцча, машаран некъа тIе хIотта, вайн махкахь низам а, къепе а хилийта дуккха а таронаш схьаеллалора.

«Нагахь халкъо Конституци тIеэцахь, Россин кхечу субъектийн санна «паспорт» хир ду вайн», – олура хIетахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Доккха маьIна долуш дара и дешнаш. «Паспорт» хир ду бохург, мехкан кхечу регионийн йоллу бакъо вайн республикин а хир ю бохург хилла Iаш дацара, иза, уггаре а хьалха, законаш, адамийн бакъонаш талхош верг, милла велахь а, жоьпе озо, сацо таро хир ю бохург дара, дуьненаюкъарчу терроризман лаг Iовда йиш хир ю бохург дара, шайна луъург лелош болу российски эскархой казармаш чу берзо бакъо хир ю бохург дара, массо а урамехь йолу блокпосташ дIаяхийта йиш хир ю бохург дара.
Бакъду, хIетахь Нохчийчоьнан а, Россин а политикашна юкъахь массо а вацара референдум республикехь дIаяхьар къобалдеш. Даррехь цунна дуьхьал берш а бара. Цкъа хьалха тIом сацо беза, махкара экстремисташ, вахабиташ лахка беза, зама маьрша ца хилча бакъонца харжамаш дIахьойла хир дац, бохура цара. Амма царах цхьаммо а ца дуьйцура тIом муха сацо беза, экстремисташ муха лахка беза. Царах цхьа а вацара тIом маца соцур бу, чекхбер бу хууш.
ХIетахь, царна коьртаниг реза цахилар дара. Амма цаьрга ладоьгIуш хан дIайохуьтийла дацара Ахьмад-Хьаьжин. Халкъаца цхьаьна бала, гIайгIа, хало Iовшуш вара иза. Цунна санна дика халкъехь долу хьал девзаш вацара референдум дIаяхьарна дуьхьал болчарех цхьа а, хуьлийла а дацара. Нохчийчоьнна генахь бара уьш. Халкъан лазам бевзаш бацара. Цунна дара А-Хь.Кадыров, цара бохучун дукха ойла а ца еш, ша юьхьарлаьцначу некъаца хьалхахьа гIертар.
2002-чу шеран хьаьттан (август) баттахь чекхдаьккхира лерринчу комиссис Нохчийчоьнан керлачу Конституцин проекта тIехь болх бар. Проект хIоттийнарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Цу тIехь билгалдаьккхинера Нохчийн Республика Россин Федерацин цхьа дакъа хилар, иза, цунах дIакъасто йиш йоцу, цуьнан субъект хилар. КIорггера Iилма долу, халкъалахь боккха сий-ларам болу Iеламстаг ша хиллехь а, цунна Нохчийчоь светски пачхьалкх хила еза аьлла хетара, амма къоман гIиллакхаш, Iадаташ лоруш йолу. Иза дуьхьал вара бусалба динах политикин гIирсах санна пайдаэцарна.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаамца керлачу Конституцин проектана тIера дIадаьккхира «суверенни пачхьалкх» аьлла долу дешнийн цхьаьнакхетар, кхечу республикийн конституци тIехь иза ган тарлуш доллушехь. Цунна ца лиира шина кепара кхета, кхето, шина кепара маьIна даккха некъ луш долу цхьа а дош Конституци юкъахь хуьлийла, хIунда аьлча, питана таса луучара цу тайпанчу дешнех шайн зуламечу Iалашонашкахь пайдаэцна хиларан зеделларг долуш вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Дерриге а халкъан референдум дIаяхьа еза де герга кхаьчча республикин Администрацин Куьйгалхочо кхайкхам бира Нохчийчохь дехачу къаьмнийн векалшка а, нохчийн халкъе а. Вайх дукхах болчарна дагадогIур ду аьлла хета хIетахь цо аьлла хилла хIара дешнаш: «Махкахой! Нохчийн Республикин бахархой! Вайн республикин юкъараллин-политикин дахарехь Iаламат мехала хилам бу хила безаш. Шен бIешерийн оьмарехь нохчийн халкъан дуьххьара аьтто баьлла шен кхоллам ша къасто, дахарехь некъ харжа.
2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь парггIат шайн лаам бовзийтарца Нохчийчоьнан бахархоша гойтур ю Нохчийн Республикин Коьртачу законца – Конституцица йолу юкъаметтиг. Со тешан ву Нохчийчоьнан берриге а бохург санна бахархоша машар, къепе хилийтарехьа, законаш лардайтарехьа кхаж тосург хиларх…».
Оцу хьекъалечу политикин тешам эрна а ца хиллера. Цуьнан къайкхам, цо даггара аьлла дош дIахезира кханенах болу тешам дIабаьлла Iийначу халкъана. Адамийн дегнаш чу дийшинера: «Дала бакъо толайойла!», «Конституци вайн «паспорт» ду!», «Нохчийн халкъ ас цхьаьнгга а хьийзадойтур дац!», «Цкъа мукъане а нах санна даха Iама вай!» – боху Ахьмад-Хьаьжин дешнаш.
Цундела халкъ референдуме араделира, шайна туьйсуш хилла кхерамаш тергал а ца беш. Таса ма-беззара кхаж тесира, цхьаннах а ийза а ца луш. ДIакхайкхийна болчу официальни хаамашца референдумехь дакъалаьцначу харжамхойх 95,5 процент болчара кхаж тесира кер-ла Конституци тIеэцарехьа, ткъа республикин Президент харжаран закон тIеэцарехьа – 96,3 процент харжамхоша.
Иза, уггаре а хьалха, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хаьржинчу некъан бIаьрла толам хилла ца Iаш, нохчийн халкъо, республикехь дехаш долчу кхечу къаьмнийн векалша белла боккха тешам бара.
Iай-бIаьстей къаьстачу оцу денна, бакъоно харцонна тIехь толам баьккхинчу денна тIера дIадоладелира Нохчийчохь Iедалан органаш вовшахтохар, тIом сацор, къепе, низам дIахIоттор, маьрша дахар дIахIоттор, халкъ баккъал а паргIат даккхаран некъа тIе хIоттар. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, халкъана хьалха а ваьлла, дIаболийначу оцу цIеначу некъан беркате тIаьхье ю тахана вайна гуш ерг, вай шех ирс оьцуш ерг.
С.ДАДАЕВ
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо