Нохчийн халкъ ир-кара хIоттийна хилам

15 шо дIадаьлла Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула йолу дерриге а халкъан референдум дIаяьхьна. 15 шо. Дуккха а хIума хийцаделла цул тIаьхьа. ХIетахь хилларг а, хIинцалераниг а тайп-тайпана, вовшах тера догIуш хIума доцу ши зама, ши дуьне ду.

Тахана санна дагадогIу Нохчийчохь референдум дIаяьхьале хилла хьал, аьлча а – къематде. ДIабоьдуш къиза тIом бара. Денна хIаллакьхуьлуш, хIан-хIа денна хIаллакбеш маьрша нах бара, дехьарчара а, сехьарчара а. Герзаш карахь дерш маьршачу нахах къинхетам беш бацара. Мелхуо а царна тIехь шайн ницкъ гойтуш бара. Федералашна юкъахь дукха бара «зачисткаш» еш шайн дог Iабош берш.

ТIамца цхьана а кепара боьзна а боцуш, шайн доьзалш ларбан гIерташ болу божарий схьалахьабой, тухуш, Iуттуш дIабуьгура. Царах дукха нах шайн доьзалех схьа ца кхетара цул тIаьхьа. Ткъа «зачисткаш» дийнахь а, буьйсанна а дагадеъаначу хенахь юьртахь, куьпахь дIахьош яра. Федералашка доьхуш жоп дацара цара хIуъа а къизалла лелийча а, бахархойн гIийлачу-мискачу бахамах кадиттича а. Цундела цара акхараллаш лелайора.

Царал тIехлелхаш бара дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара схьабаьхкина террористаш а, кхузахь вовшахкхеттачу вахабитийн гIеранийн декъашхой а. Цара ца деш зуламаш дан а дацара. Буьйсанна нехан хIусамаш чу а лелхаш, дика-вуонна халла вовшахтоьхна сом-ком дIайоккхура, цIенойх цIерш туьйсура, маьрша нах, Iеламнах, балха бахана нах бойъура. Халкъан паргIато ларъян бакъонаш ларъяран органашка балха ваханарг шайн да вийна мостагI хетара.

Иштта, боккхачу балехь, сингаттамехь дара нохчийн халкъ. Оцу Iазапан чаккхе ца гора. Цунах хьалхадала некъ ца гора. Еккъа цхьа дегайовхо яр-кха. Иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжех йоьзна яра. ХIунда аьлча, цо дерриге а дуьненна хезаш дIахьединера: «Ас нохчийн халкъ цхьаьнгга а хьийзадойтур дац: я вахабиташка а, я федералашка а». И ала хьуьнар, доьналла, майралла йолуш кхин къонах ца велира оцу муьрехь, Ахьмад- Хьаьжа воцург.

Цу тайппана дIахьедар дар шена доккха жоьпалла тIе лацар дара. Нагахь санна шен дош кхочушдан цуьнан ницкъ, хьекъал ца кхаьчнехь халкъалахь южур яра цуьнан цIе, цуьнга сий-ларам хир бацара. Делахь-хIета, халкъ цунна тIаьхьа хIуттур дацара, халкъо иза къобал вийр вацара. Оцу хьолехь цуьнга дукха хIума далур дацара. Цунах дика кхеташ вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза кхеташ вара федеральни эскарийн инарлашна тIечехарх, вахабиташ, террористаш охьаатарх шечух гIуллакх хирг цахиларх.

Халкъ лардан бакъонийн цхьа некъ, гураш, бехкамаш оьшура. Ткъа Нохчийчохь лелаш цхьа а закон дацара, ларъеш цхьа а бакъо а яцара. Ма-дарра аьлча, Нохчийчохь цхьа а бакъо ян а яцара.

Амма дош аьлла даьллера. ХIинца цунна тIедоьжнера нохчийн халкъ а, республикехь дехачу кхечу халкъийн векалш а ларбаран декхар. ТIаккха юьхьарлецира цо Нохчийчохь бакъонийн бух кхолларан некъ. Халкъана дагахь дерг хаа лууш масех гулам дIабаьхьира халкъийн векалшца, Iеламнахаца. Царах дага а ваьлла дIакхайкхийра Нохчийчохь дерриге а халкъан референдум дIаяхьа езаш хилар. Оцу референдумехь халкъо ша къасто дезаш дара шен хиндерг: Россина юкъахь а йолуш шен пачхьалкх кхоллар, Нохчийн Республикин керла Конституци тIеэцар я маьрша пачхьалкх кхуллу бохуш халкъ хIаллакдар.

Халкъана луучунна тIаьхьа хIуттур волуш вара иза. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин доккхачу маьIне долу и дIадолор къобалдира гуламийн дакъалацархоша, Iеламнаха. Делахь а, референдум хьахийча бIаьрга цIий хIуттуш берш а бара.

«ХIокху тIеман кIуркIамани юккъехь референдум муха йо, и хьехочохь ду вайн гIуллакх», – бохура цхьаболчу политикаша. Ткъа цхьаболчу инарлаша, лаккхарчу эпсарша: «Цкъа хьалха тIом чекхбаккха беза. Политика хьехочохь дац хIинца а», – бохура. Царах цхьа а вацара тIом чекх маца бер бу, нохчийн халкъ хьийзор маца соцур ду, цIарах-цIийнах баьхна, дуьне ма-дду баржийна леларш Нохчийчу юха берза аьтту болуш маца хир бу ала хууш а я цаьрца бала болуш а.

Оцу политикашка а, инарлашка а ладугIуш Iан йиш яцара Ахьмад-Хьаьжин. Сийначу цIарах йогуш Нохчийчоь яра, Iазапехь латтош, де а, буьйса а маьрша доцуш, нохчийн халкъ а дара. Россин Федерацин куьйгаллех дага а ваьлла, Россин Президентаца В.Путинца масех цхьаьнакхетар дIадаьхьначул тIаьхьа Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIакхайкхийра 1993-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикехь дерриге а халкъан референдум дIахьош хилар а, оцу референдумехь Нохчийн Республикин Конституци а, Нохчийн Республикин Президент а, Парламент а харжаран хьокъехь законаш а тIеэца дезаш хилар а. Доккхачу маьIне долу и гIуллакх дIадахьарна тIехь терго латто а, цунна хьакъ боллу кечамаш бан а Координационни (Дагадовларан) кхеташо вовшахтуьйхира. Цо дIайолийра бакъонийн некъа тIе довларан юьхь.

Дийнахь а, буьйсанна а сацам а, синтем а боцуш къахьийгира Ахьмад-Хьаьжас а, цо вовшахтоьхначу кхеташоно а. Делан езачу цIарца дIадолийна гIуллакх, ерриге а дуьхьалонаш отуш, йохош дIадоьдура. ДIадоьдура хаьржинарг нийса некъ хиларна а, и некъ «Дала бакъо толайойла!» аьлла дIахьош хиларна а. Иштта аьлча, моттадала тарло Нохчийчохь оцу сохьтана тIом а сецира, таIзарш дар, Iазапаш латтор дIаделира. Ца делира. Мелхуо а карзахдаьккхинера и дерриге а, шайн оьмар чекхйолуш юй, Ахьмад-Хьаьжина дуьхьал шаьш гIорасиз дуй, шаьш эшна дуй хууш.

Референдум дIаяьхьначул а, цигахь Конституци тIеэцначул а тIаьхьа зуламаш даржочу вахабиташна а, федеральни эскарийн цхьаболчу бIаьхошна а хьалхалера маршо хир яцара, цаьргара жоп доьхур дара, законаша ма лоьхху, догIучунна таIзар а дийр дара. Цуьнан дуьхьа дIахьош ма яра референдум.

Билгалдинчу дийнахь дIа а яьхьира иза. Тахана а бIаьргашна хьалха лаьтта оцу дийнахь Соьлжа-ГIалахь хилла хьал. Йохийначу гIишлошна юкъахь карийнера харжамаш дIабахьарна мелла а хьелаш долу гIишлош. Декхна, къеггина малх кхетта деанера Iа а, бIаьсте а къаьсташ долу и де. Дезачу дийне санна, шайн тоьлла духарш тIедуьйхина харжамашка арабевллера нах. Цхьа а вацара юьстаха виса, харжамашкахь дакъа ца лоцуш Iан ойла йолуш. Тайпа, тукхам, къам ца къестош харжамийн каппашка оьхура соьлжагIалахой. Цигахь лоькхуш эшарш, олуш иллеш, деш хелхарш дара.

Адам баккъал самукъадаьлла а, шаьш тахана тосучу кхожан тIаьхье беркате хирг хиларх тешна а дара. Церан синтем а, паргIато а ларъеш бара нохчийн милцой.

ХIинццалц хIора дийнахь детташ хилла герзаш дуьйлу а ца хезара. Масийтта пачхьалкхера баьхкина тергамхой цецбевлла бара оцу хьолах а, харжамхойн жигараллех а.

Оцу дийнахь халкъо дIагайтира ша диканах дог диллина цахилар а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна некъ къобалбеш хилар а. Цунна къеггина тоьшалла дара референдуман жамIаш. Уьш вайна девзаш ду. Оцу референдуман беркатан ирсе дакъа кхаьчна вайх хIоранна а. Цунах вай даккхийдеш а ду.

Деккъа цхьа байттамал ду-кх нохчийн халкъана. Тахана цуьнца вац иза марша даьккхина волу, зовкхе даха хаийна волу, ирсе некъ гайтина волу баьччаКадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дала гIазот къобалдойла цуьнан. Бакъдуьненахь велахь а, даима а халкъан иэсехь вехаш а, вехар волуш а ву Ахьмад-Хьаьжа.

С.ХАСАНОВ

№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: