Бекарг (март) беттан хьалхарчу деношкахь Беларусь Республикин пачхьенехь Минскехь дIабаьхьира Книгийн дуьненаюкъара гайтам-ярмарка. Цуьнан гурашкахь вовшахтоьхнера «Яздархо а, зама а» яздархойн дуьненаюкъара симпозиум, дакъалоцуш 20 сов пачхьалкхера векалш а болуш.
Россин яздархойн йоккха делегаци хилира оцу гIуллакхашкахь дакъалоцуш. Ша аьлча, «Литературная газета» газетин коьрта редактор Замшев Максим, «Литературная Россия» газетан коьрта редактор Огрызко Вячеслав, «Наш современник» журналан коьртачу редакторан заместитель Казинцев Александр, Россин Яздархойн союзан Аштаркханерчу региональни отделенин председатель Щербаков Юрий, ГIезалойчоьнан халкъан поэт Миннуллин Роберт, Чувашин халкъан поэт Тургай Валери, Москвара литературоведаш Турбина Любовь, Звонарева Лола, прозаикаш Казаков Валерий, Тулушева Елена, чувашийн поэтесса Азамат Светлана.
Россин делегацица цхьаьна вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо, поэт, гочдархо Ахматукаев Адам а.
«Йоккха яра гайтаман-ярмаркин программа, еккъа цхьа книгийн гайтам-ярмарка хилла ца Iара иза, – дуьйцу Ахматукаев Адама. – Иттаннаш гIуллакхаш вовшахдиттира цуьнан гурашкахь: даздаран хьолехь гайтам схьабеллар; яздархойн дуьненаюкъара симпозиум, «горга стоьлаш», Беларусин Яздархойн союзехь, ДоттагIаллин цIийнехь, вузашкахь, Купала Янкин цIарахчу музейхь яздархошца цхьаьнакхетарш; иштта кхин а. Дийцаре дира таханлерчу литературин хьал, ткъа иштта дуьненаюкъарчу культурица доьзна гIуллакхаш. Дагадовларшкахь ша къаьсттина меттиг дIалоцура литературин гочдарш а, литературий уьйраш а йийцаро. Россин яздархоша цхьаьнакхетаршкахь довзийтира белорусийн яздархойн говзарш оьрсийн а, кхечу а меттанашка яхарехь шайна зеделларг. Дийнна схьаэцча, чIогIа дика, цIархазмана а доцуш, генна хьалха цхьа Iалашо а лаьцна, вовшахдиттина гIуллакхаш дара уьш. Белорусийн яздархоша а, культурин юкъаралло а, маьIне хеташ, юьхьарлаьцна шайн литература кхечу меттанашка гочъяр. Оцу тIехь пачхьалкхан куьйгалло а гIо лоцу церан».
Адам дуьххьара хуьлуш вац Минскехь. Хьалха шерашкахь кхузахь дIаяьхьначу литературин форумашкахь а жигара дакъалаьцна цо, белорусийн яздархошца уллера доттагIаллин а, кхоллараллин а уьйраш тасаелла.
Оцу белхан беркате тIаьхье лара догIу А.Ахматукаевс нохчийн матте гочйина белорусийн поэтийн стихаш «Даймохк» газетехь а, «Орга» журналехь а зорбане йийлар, нохчийн поэтийн стихаш, белорусийн матте гочйина, цигарчу изданеша зорбане яхар а. Ткъа дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Яздархойн союзо арахецна Ахматукаев Адама нохчийн матте гочйинчу белорусийн поэтийн стихийн гулар. Минскехь дIаяьхьначу яздархойн симпозиумехь хилира гулар дуьххьара йовзийтар а.
Иштта кхузахь йовзийтира Адаман доттагIчо Аштаркханерчу яздархочо Щербаков Юрийс белорусийн маттера оьрсийн матте гочйинчу стихийн гулар а. Белорусийн яздархоша баркаллица тIеийцира и книгаш. Цо кхин цкъа а тоьшалла дира литературийн уьйраш чIагIъян еза боху хабарш гIуллакхашка доьрзуш хиларна.
Кхин цхьа хаза кхаъ а беана Адама Минскехь хиллачу литературин цхьаьнакхетаршкара: белорусийн яздархоша схьахаийтина нохчийн яздархойн белорусийн матте гочйинчу говзарийн гулар арахеца дагахь шаьш хилар.
Хь.ХАКИМОВ
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо