«ПохIме адамаш тхо долчохь кхуьу»

Ишттачу кхайкхамца къахьоьгуш ю Хьекъал кхиоран а, сихаешаран а IQ 007 школа. Дуьнен тIехь, Россехь а цхьаьна, еа пачхьалкхехь бен йоцучу цу тайпанчу школех цхьаъ 2016-чу шарахь дуьйна болх беш ю вайн республикин коьртачу шахьарахь.

Цуьнан директор Гужаев Рамзан ву. Нохчийчохь шех тера Гуьмсехь бен йоцучу шатайпанчу оцу школин болх бовзаран Iалашонца тхо хилира цигахь.

– КхитIе а долчу дешаран хIокху тайпана школаш Россин Федерацехь кхо бIе сов ю, – дуьйцура Р.Гужаевс. – Диъ шо кхаьчначул тIаьхьа, кхидIа мел дукха хан хиларх (хуьлда иза кхузткъа шаре ваьлла воккха стаг я зуда), адамаш схьаоьцу оха.

Кхузахь деша йиш ю берийн, кегийрхойн, гIеметтахIиттинчеран, баккхийчеран. Цхьана классехь 2–5 дешархо хуьлу. Дуьххьара веанчуьнга шийтта хаттарх лаьтташ йолчу пособина жоьпаш долуьйту. Цул тIаьхьа дешархочун хаарийн тIегIане а, хене а хьаьжжина, шен-шена хIоттош ю дешаран программа. Деа шарера ворхI шаре кхаччалц хенаш йолчарна лерина шовзткъе итт пособи ю. Уьш ерриге а Iамо езаш ю. Амма цхьа хIума ду, царах цхьаерш вукхеран меттана Iамо йиш йолуш ю.

КIезиг а, дукха а хаарш долчарна лерина ю уьш. Цул сов, книгаш, газеташ, кхин йозанаш берийн ойла дешарна тIеерзоран Iалашонца, дуьненаюкъарчу классикийн литература а йоьшуьйту. Цуьнан коьрта бахьана ду берана ша йоьшург хIун ю, иза хIунда йоьшу, ша ешначух пайдаэца цунна Iамор. Нагахь санна ша йоьшучух дешархо кхеташ хилахь, цуьнга иза схьайийцалур ю. Шен хаарийн дика мах хадийча, цо кхидIа а самукъаа долуш, хаза а хеташ бийр бу и болх.

Иттанна тIера пхийттанна тIекхаччалц тайп-тайпанчу пособех пайдаоьцу цхьана занятехь. Иза шина дарсах лаьтташ ю, цхьаъ шовзткъа минотехь йолуш. ХIора дешархочун шатайпана белхан тетрадь ду. Цкъа хьалха, цуьнан ойла дешарна тIеерзоран Iалашонца, кха-еа минотехь суьрташ дохкуьйту. БIаьрсинан, лерсинан, гайтаман-суьртан, кхин а иэс кхиадо. Масала, хьалхарчу дарсехь гайтинчу суьртех лаьцна схьадуьйцуьйту шолгIачу дарсехь. Иштта, тергоян, ойлаян, говза къамелдан а Iамадо. ВорхI декъах лаьтташ ю хьекъал кхиорна лерина пособи. Логикин диъ дакъа ду. Уггаре а аттачарна тIера, уггаре а халачарна тIекхаччалц. БIе гергга йолчу пособех пайда а оьцуш, дешархошна Iамадо тидаме хила, ойлаян, сиха еша, тексташ тIехь болх бойту. Ишттачу системица болх бу бийриг.

Исс шо кхаьчначу бере хезаш йоьшуьйту. Ткъа, дагахь ешаран дейтта тайпа ду. Царах ю: «шторка, указка, стук ритмы».

Йоьшучу хенахь меллаша стоьла тIе хIума еттар (къолам беттар). Гонаха йолу гIовгIа цахазийтарна а, цунна ойла тIецаяхийтарна а лерина деш хIума ду. Юьхьанца хала делахь а, карадирзинчул тIаьхьа доккха хIума а ду иза.

Юкъарадешаран школашкахь санна кхузахь а бу тIех дика доьшурш а, дика доьшурш а, ледара доьшурш а. ХIора баттахь хьехархочо йиллина урок йо. Нагахь санна, шайн беран хааршна да-нана реза хилахь, цара кхидIа а доьшуьйту шайн берашка.

Ала деза кхузахь дешар мехах хилар. ВорхI шо кхаччалц хан йолу бер Iаморна цхьана беттан мах 6.500 сом бу, цул баккхийчеран – 5.500 сом.

Хьехархойн коллектив иттех стагах лаьтташ ю. Уьш берриге а Челябинскан областан Златоустехь леррина дешар чекхдаьккхина, шайн белхан говзанчаш бу.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт

№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: