Умхаев Хьамзат

Махкахь а, вайн республикехь а куьйгалла хийцалуш, кегаре, чолхе хьал хIоьттинчу дIадаханчу бIешеран дезткъе уьтталгIачу шерашкахь «Даймохк» газете балха веара Умхаев Хьамзат. Нохчийн мотт, литература езаш а, дика евзаш а вара жима стаг. Ненан маттахь яздаран корматалла лаккхара яра. Иза дерриге тидаме а эцна, редакцин куьйгалло Хьамзат газетан корреспондент хIоттийра.

Шен керла корматалла даггара езаро а, иза юьззина караерзо кIентан боккха лаам хиларо а гIо дира цунна редакцехь дуккха а шерашкахь белхаш бина, доккха зеделларг IаIийначу тоьллачу журналистийн могIаре йоццачу хенахь хIотта.

Дахар, дуьне, долуш долу юкъараллин-политикин хьал дика довзаро а, цунах нийса кхетаро а гIо дора Хьамзатана муьлххачу а темина а, газетан жанрехь а чулацаме, оьшуш йолу материалаш язъян. Ша язъян ойла йолушволчу муьлххачу а статьяна лерина кечам бора цо. Хьалххе хаттарш кечдора, хIора кега-мерса хIума ду аьлла хеташ дерг а, ойла йина, дуьстина, тидаме эцна хуьлура цуьнан.

Газетан агIонаш тIехь араевлира цуьнан дуккха а очеркаш а, репортажаш а, дийцарш а. Шайна тIе къаьсттина тидам бохуьйтуш хуьлура нохчийн маттах, литературах, культурах, уьш кхиорехь дан дезачу гIуллакхех лаьцна Хьамзата кечйина публицистикин статьяш. Уьш кIорггера чулацам болуш а, дуккха а пайдехь дерг дуьйцуш а хуьлура.

Лаккхарчу корматаллин журналист, публицист, яздархо, юкъараллин деятель, нохчийн мотт а, литература а, истори а, культура а, халкъан гIиллакхаш а, ламасташ а, мохк а дика бевзаш а, безаш а волу стаг, бусалба нохчийн бакъволу къонах хиларе терра республикехь дика вевзаш ву Хьамзат.

Хь.Умхаев вина 1956-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 14-чу дийнахь Казахски ССР-н Талды-Кургански областерчу Кугалы юьртахь.

1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Хьалха-МартантIера №1 йолу юккъера школа.

1975–1977-чуй шерашкахь Германин Демократин Республикехь Советийн Эскаран могIаршкахь гIуллакх дира.

1979-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан очни отделене деша вахара. Иза кхиамца чекхъяьккхира Хьамзата 1984-чу шарахь.

Цул тIаьхьа иза Хьалха-МартантIерчу №1 йолчу юккъерчу школе ненан а, оьрсийн а меттанийн, литературин хьехархочун балха хьажийра. Кхузахь цо гайтира ша нохчийн, оьрсийн меттанийн, литературин лаккхарчу корматаллин говзанча хилар. Цо хьоьхуш долчу берийн хаарш школехь а, кIоштахь а кхечерачул гуттар а лакхара дара. Хьамзата дешархошна школехь хьехарх тоам ца бора.

Дешарехь мелла а тIаьхьабуьсуш болчу дешархошца занятеш дIахьора цо школехь урокаш чекхъевллачул тIаьхьа а. Герггара уьйраш яра дешархойн дай-наношца. Кест-кеста хуьлура дешархойн цIахь, хьожура церан дешаран хьелашка. Къоначу хьехархошца дика вовшахтоьхнера дешархошца школел арахьа беш болу болх. Берашца кест-кеста дIахьора музейшка а, республикерчу шайн цхьа билгала истори йолчу, Iаламан хазачу меттигашка а экскурсеш, ткъа и меттигаш цунна шена дика евзаш ю. Вовшахтухура цIеяхханчу яздархошца а, производствон хьалхелолорхошца а цхьаьнакхетарш. Цара алсамдохура берийн хаарш, дуьненан хиламех кхетар, шаьш дина мохк бовзар.

Школехь 1992-гIа шо кхаччалц болх бира Хьамзата. Оццу шарахь «Даймохк» газете корреспондент вахара. Боккха дагахьбаллам битира дезткъе уьтталгIачу шерашкахь республикехь хиллачу зуламечу гIуллакхаша, дагна чов йира цул тIаьхьа хиллачу тIемаша а.

Соьлжа-ГIалара тIом арабаьлла, лаьмнийн кIошташка бирзина, йохийна предприятеш, организацеш берриге а бахам меттахIотто болийча, республикин куьйгалло уггаре а хьалха болх бан буьйлабалийтира шуьйрачу хаамийн гIирсаш.

Массанхьа а лаьтташ эскарийн посташ йолуш, теракташ хуьлуш, стагана дIасаваха чIогIа кхераме хьелаш а долуш, 2000-чу шарахь хIетта болх бан йолаеллачу Нохчийн Республикин зорбанан, хаамийн министерстве (тIаьхьа Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство) балха аравелира Хьамзат. Юьхьанца иза министран заместитель, тIаьхьа министран хьалхара заместитель вара.

Министерствехь цо Iуналла деш бара республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн болх. Республикина чIогIа хала, жоьпаллин мур бара иза. Сихха меттахIотто безаш бара тIамо бохийна халкъан бахам. Ширанаш тоян а, керланаш яхка а езара промышленни предприятеш, медицинин а, дешаран а, кхийолу а учрежденеш.

Регионан куьйгаллина хьалхалаьттара оцу жоьпаллин балхана берриге а ницкъаш гIовтторан, юкъабалоран декхар. Ткъа шуьйрачу хаамийн гIирсаш декхарийлахь бара и мехала болх бахархошна хьакъ ма-дду гайта а, бовзийта а, и дарца адамийн дог-ойла гIатто а, дикачу хиндолчух болу церан тешам лакхабоккхуш долу хьелаш кхолла а.

Оцу гIуллакхна хаарца вовшахтоха безара газетийн, телевиденин, радион, журналийн болх. Оцу декхаршца дика ларавора Хьамзат. Республика меттахIотторехь, иза кхидIа а кхиорехь регионан куьйгалло деш долу беркате гIуллакхаш хьесапе а оьцуш, хаамийн гIирсийн куьйгалхойн министерствехь хIора кIиранах хуьлучу кхеташонашкахь Хьамзата билгалдохура хаамийн гIирсаша хьалхарчу рогIехь кхочушдан деза гIуллакхаш, дуьйцура тIейогIучу ханна долу церан декхарш а. Оцу кеппара республикин куьйгалло дечу гIуллакхашца цхьаьнабогIуш дIахIоттийра Хьамзата хаамийн гIирсийн болх.

2004-чу шарахь Хьамзата чекхъяьккхира Россин Федерацин Президента Iуналла деш йолу пачхьалкхан службин Къилбаседа Кавказан академи.

2008–2014-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин адамийн бакъонашкахула волчу векалан, цул тIаьхьа 2014–2017-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министран гIоьнчин белхаш бира Хьамзата.

Оцу хенахь шен куьйгалхоша шайн декхарш хьакъ ма-дду кхочушдарна кхачо йира цо. Гайтира ша лаккхарчу корматаллин говзанча, вовшахтохархо, зеделларг долу куьйгалхо хилар.

2017-чу шеран бекарг (март) баттахь Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор хIоттийра Хьамзат. Цо куьйгалла деш йолу институт республикин дешаран системина Iилманан-методикин кхачо еш ю. Цо иштта кечдо нохчийн, оьрсийн меттанаш, литература, истори, географи, кхийолу предметаш хьехаран кепаш шаръеш-тояран гIуллакхаш а, ткъа иштта, Федеральни пачхьалкхан стандарташца нийса а догIуш, дешаран-методикин комплексаш а, дешаран программаш а.

Хьамзат дахарехь а, нахаца йолчу юкъаметтигашкахь а оьзда а, гIиллакхехь а ву. Цундела иза муьлххачу а коллективашкахь болх беш хилча а, везаш а, сий деш а, лоруш а ву. Ша а ву иза нах безаш а, цаьрца йолу юкъаметтигаш ларъеш а. Ша миччахьа хилча а, цо гIуллакх довзарца, хьанал кхочушдо шена тIедехкина декхарш.

Хьамзата дуккха а шерашкахь хьанал бина болх билгалбаьккхина «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» аьлла, сийлахь цIе тилларца, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» аьлла йолу мидал яларца. Цунна иштта елла Нохчийн Республикин Президентан, Правительствон, Нохчийн Республикин Парламентан, тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн, ткъа иштта, юкъараллин организацийн Сийлаллин грамоташ а, кхидолу совгIаташ а.

Хьамзат Россин Яздархойн союзан а, Журналистийн союзан а декъашхо ву.Дуьйцийла йоццуш, Умхаев Хьамзата йоккха хазна юкъайиллина нохчийн журналистика, литература, дешар, ненан мотт кхиорна, халкъан гIиллакхаш а, Iадаташ а Iалашдарна, кхиорна.

С.МАГОМАЕВ

№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: