Юьртара лоьраш дика ларабо

Дукха хан ю Грозненски кIоштарчу Йоккхачу АтагIара участкови больница болх беш йолу. Цигахь коьрта лор ю Мумаева Лариса.

1997-чу шарахь цо чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультет. Караерзийна терапевтан говзалла. Хьалха болх бина Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу больницехь а, кIоштан коьртачу больницехь а.

Йоккхачу АтагIарчу участкови больницехь ши отделени ю: гинекологин – гинеколог И.Абакирова; терапин – терапевт А.Завриева. И ши лор шайн болх дика бевзаш а, белхан декхаршца дика ларош а ю. Шина а отделенехь цомгашчарна лерина итт-итт маьнга бу.

– ХIокху больницехь болх беш дийнан стационар ю цомгашчарна лерина 20 маьнга а болуш. Иштта, поликлиника а, лаборатори а ю. Поликлиникехь лоьрийн консультацех чекхбовлу, анализаш дIало. Цул тIаьхьа хьовсабо цомгашнаш стационаре. Кхузахь дарба дайтинарш чIогIа реза хуьлу. Дийнахь а, буьйсанна а гIодар доьхуш хаамаш кхочу тхоьга. Цкъа хьалха сиха гIо а дой, цул тIаьхьа дан дезарг дерриге дина девлча, кхидIа а дарба лелон дезаш верг больнице охьавуьллу.

Амма халахетарца билгалдаккха лууш дерг кхин ду: сиха гIодаран машен цхьаъ бен цахилар. Ткъа Грозненски кIоштана чуйогIуш йолу ярташ дукха ю: Йоккха АтагIа, Чечана, Дочу-Борзе, Лаха-Варанда, ЧIишка, Ярыш-Маьрда, кхин а. Муьлххачу хенахь а хаам кхаьчча, билгалъяьккхинчу метте дIахьажо езаш хуьлу сиха гIодаран машен.

ХIара юрт йоккха хиларна цомгаш нах дуккха а нисло, царна дарба лело, уьш охьабийшо маьнгеш ца тоьа. Дархошна лерина маьнгеш цхьажимма алсамдаьхча, тхан аьтто хир бара дуккха а нах тIеэца. Делахь а, тхан дегайовхо ю кIоштан больницерчу куьйгалхоша оцу тIехь тхайн аьтто бийриг хиларх.

Делахь а, оцу а, кхечу а кхачамбацаршка хьаьжна ца Iаш, шайн балхаца дика ларош бу кхузара лоьраш, медйижарий, кхиболу белхахой. Шен-шен хенахь кIоштан коьртачу больницо медгIирсаш латтош хиларе терра, мах боцуш ду нахана дарба лелор, – дуьйцу Мумаева Ларисас.

Поликлиникехь дIахьош бу бахархошна (баккхийчарна а, берашна а) диспансеризаци яран болх. Диспансеризацех чекхбовлуш ерриге а анализаш дIало, цу юкъахь ю флюорографи, ЭКГ, УЗИ.

Нагахь церан лазарш гучудовлахь, уьш учете хIиттабо, цул тIаьхьа царна дарба а лелош, шайн тергонехь латтабо. Лела ца луш, меттахь висинчунна тIебоьлхуш лоьруш бу.

Ф.АСИЕВА

Авторан сурт

№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: