Россин Федерацин демографин политикин Концепци 2025-гIа шо кхаччалц кхиоран Iалашонца Нохчийн Республикехь 2017–2020-чуй шерашкахь кхочушдечу гIуллакхийн гурашкахь Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшан говзанчаша конкурсан – ловзаран кепехь мероприяти дIаяьхьира Соьлжа-ГIалин политехникин техникуман хьехархошца а, дешархошца а.
Конкурсан – ловзаран программин юкъадогIура дешархоша хаттарш-жоьпаш луш жигара дакъалацар. Конкурс-ловзар дIадолош политехникин техникуман директоран гIоьнчас экономикин Iилманийн доктора, профессора Амхадов ВахIида билгалдаьккхира кегийрхошца дIахьочу доьзалан мехаллех лаьцна дуьйцучу цхьаьнакхетарша доккха маьIна лелош хилар.
ТIекхуьу чкъор ийманехь, гIиллакхехь хиларх йоьзна ю вай халкъан кхане, къоначу доьзалийн ирс-аьтто. Халкъан гIиллакхашна юкъахь къаьсттина хаза – нана, зуда, нус ларар ду элира цо.
Нохчийн юкъараллехь бер нийса, оьзда, хьекъале кхиоран юьхь бер схьадаьллачу кхерчара дIайолалуш хилар билгалдаьккхира цо. Дений-нанний, берашний юкъахь ларам, тешам хила безарх лаьцна дийцира Халкъан кхоллараллин туьшан говзанчаша Уциев Абус а, Бакараев Iелас а, Магомадова Заремас а.
Цхьаьнакхетар дIахьочу хенахь техникуман хьехархошна а, дешархошна а хаттарш тIехь долу кехаташ дIасадекънера. Оцу хаттаршна массара а бохург санна нийса жоьпаш деллера.
Цхьаьнакхетар дерзош А.Уциевс а, I.Бакараевс а, З.Магомадовас а билгалдаьккхира конкурсан дакъалацархойн нохчийн гIиллакхах, ламастах долу хаарш дика хилла хилар. Цо гойтура техникумехь кхетош-кхиоран болх хила безачу тIегIана тIехь беш хилар.
Техникуман хьехархошна а, дешархошна а тайнера «Доьзалан кхерчан хазахетарш» цхьаьнакхетар дIадахьаран кеп.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: политехнически техникумехь цхьаьнакхетар
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо