Соьлжа-ГIаларчу М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан №1 йолчу корпусехь, Хьалха-Мартан муниципальни кIоштан Администрацин куьйгаллин цхьаьнакхетар хилира цигахь доьшуш болчу шайн кIоштарчу студенташца.
Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Хьалха-Мартан муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулрешидов Валида а, цуьнан заместитела Мустаев Мовсара а, кIоштан депутатийн Советан председатела Джантемиров Iабдулхалида а, къедас Амирханов Iалус а, ОМВД-н хьаькама Джабраилов Рустама а.
Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан кхетош-кхиорехула а, социальни балхехула а волчу проректора Салгириев Рустама, университетан ректоран Таймасханов Хьасанан цIарах маршалла хаттарца тIелецира хьеший.
Студентийн дешарах а, кхетошкхиорах а, республикин а, кIоштан а, университетан а юкъараллин дахарехь а кегийрхоша жигара дакъалоцуш хиларх лаьцна а дийцира цо.
Студенташна хьехар деш вистхилира Абулрешидов Валид: – Шун дай-наношна аш дика доьшийла лаьа, иштта шайн доьзална а, махкана а шу пайдехь хуьлийла лаьа. Дай-наноша шуна вониг хьоьхур дац, церан хьехаршка дикка ладугIуш хила деза шу. Шайн хьехархошка а ладогIа. ТIаккха хир ду шух халкъо лоруш а, девзаш а адамаш.
Наркотикех а, корта бахочу молханех а долучу зуламех лаьцна а дийцира цигахь. Цул тIаьхьа студентийн аьтто хилира хьешашка хаттарш дан.
Дешарца а, леларца а шаьш дикачу агIор гайтинчу студенташна ахчанца совгIаташ дийриг хилар, кIоштан студенташна стипендеш хIиттийна хилар хаийтира Абдулрешидов Валида.
Цхьаьнакхетар дерзош Салгириев Рустама баркалла элира хьешашна.
АСЛАХАНОВА Хеда
Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо