ЮНЕСКО-с Философин Дерригдуьненан де дIакхайкхийна 2002-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна и де билгалдоккху дуьнен тIерачу 70 сов пачхьалкхашкахь. 2003-чу шарахь дуьйна ноябран кхоалгIачу еарин дийнахь и де билгалдоккху Россехь а. Цунна лерина цхьаьнакхетар хилира тхан корреспондентан Нохчийн пачхьалкхан университетан профессорца, философин Iилманийн докторца Мазаева Тамарица
– Философ, – иза шен цхьа башхалла йолу корматалла ю, – дуьненан дIахIоттаман хьесап дар, цуьнан некъех ойла яр, царна дуьхе кхиа лаам хилар. Тамара, хIун бахьана дара хьо дуьненан, дахаран, адаман ойла ян йолаяларан?
– 17 шо кхаьчна, доьзалехь хьоме йоI ма-хиллара, дуьне а сайн дуьхьа лаьтта аьлла хеташ яра со, могаш-маьрша леллашехь, цIеххьана цомгаш хилла больнице йигина, нана елча. Тхов тIекхеттера аьлча-м кIезиг хир дара, стигал шен Iаьрчашца тIеюьйжира сан гIорасизчу белшашна.
Гихтарчу Пашин Бисолтан доьзалехь жимах ерг яра сан нана Залпаъ. Казахстанехь медицинин институт чекхъяьккхина, лоьран болх беш а, къона а, хаза а яра иза. «Тахана-кхана» бохуш меттахь кIелйисина цомгаш Iуьллучу шен ненан бала эцна лелачу цо хIара дуьне иштта охьадиллар суна хьовха, массарна а Iаьткъинера.
Наггахь туьлуш, чIогIа йолу сан ненанана, йоI дIаялар хиъча, «гIарчI» аьлла, хьаланисъелира шен меттахь. «Мичахь ю Тамара?» – хаьттира цо. Цуьнан голаш мараоьхкина, гора хIоьттинчу соьга, дерриге а дош къастош, элира цо: «Тамара, хьуна тIедеанарг нахана газа дац, тхойшиъ юьхьIаьржа ма хIоттаелахь, осала ма ялалахь. Хьо тахана йоккха хилла хьуна. Хьан доьналла дуста де ду хьуна хIара. Хьуна тIевогIу верг наггахь а хIара де даза вац хьуна. Осала ма яьллах!».
Оцу дешнашца йолаелира сан дахьаран керла агIо. Иштта дешнаш хийла къахьегначу, хийла иэшамна къурд бинчу нохчийн зудчо бен эр дацара. ШолгIачу дийнахь дIаерзийра оха баба а, амма кхин дIа долчу сан дахарехь ойла ян дешнаш а, къонахаллин масал а дитира цо суна. Со кхийтира суо цхьана къаьсттинчу доьналлин зударий болчу къоман векал хиларх.
Со ойла ян йолаелира, хIун ю хIара дуьне сел къинхетамза хила йиш йолу, со хIун деш ю кхузахь, дуьненал а хьоме хиллачарал тIаьхьа?
Хууш ма-хиллара, кху дуьнен тIе довлале вай ялсаманехь хилла ду. Вайн дас-нанас Адама, Хьавас латийначу къинна, Дала и исбаьхьалла дIаяккхарна, и юха яккха къахьега дезаш ду вай. Цундела вайн дахаран коьрта 1алашо хила езаш ю стенца кхочур ду вай дуьненан чаккхене, муьлха Iамалш алсамъевлла вайн? Ялсаманина вай хьакъ ду-дац къасторхьама, дустур ду-кх и дерриге а. Муьлххачу а зиэрашкахь нохчийн къам шайн яIни тIехь лелийна нохчийн зударша. Вай иштта хиларна Казахстанах а, кху шина тIамах а чекхдевлла, къам долуш дисина.
Республикин Куьйгалхочо Нохчийн зудчунна лерина хIоллам хIоттор а, цунна лерина Де билгалдаккхар а, и дерриге а хаар а, цуьнан мах хадор а ду. Царна юккъехь ю сан ненанана а, ша шен Далла хьалха хIоттале де хьалха шен йоIана тIаьхьахьаьжна йолу. Царах ю сан нана а, шен ненан лазам бахьана долуш шен ойла ян ца ларийна. Царах хила лаьа суна а, и дерриге гина а, девзина а хиларна. Дахар – иза ю-кх коьрта философи.
– Тамара, хьо корматаллица философ хиларна а, нохчийн зуда, нана хиларна а хьан ххетарехь, хIун бахьана ду техьа вайн юкъараллехь къона доьзалш алссам бохаран?
– Цхьа а шеко йоцуш, кхоллабелла доьзал бохарехь доккха бахьана кегийрхой дахарна кийча цахилар ду. Дика ду, нагахь уьш вовшашца болчу безамо цхьаьнатоьхнехь. Ишттачохь уьш вовшашна «хезар» бу. Амма дуьненан хьал-бахам бахьанехь вовшахкхеттехь, цхьа а шеко йоцуш, церан вовшашца ларам хила бахьана хир дац. Вовшашна «карраш» детта буьйлало селхана захалш хилларш а. Ишттачохь коьрта иэшам дуьнентIе даьллачу берана хуьлу. Дала лардойла вай наний-беррий вовшах хьегорах.
Хьалха а хилла доьзалш бухуш. Амма гуш долчу, девзаш долчу бахьнина. Нохчийн къоман юкъараллехь, кхечу къаьмнийн а санна, лаккхарчу культурин мехаллаш хилла (хIинца а ю!). Ас юьйцурш, дIатеттина юьстаха- вала а, тIехула ког баьккхина, дехьавала а таро йоцу мехаллаш ю. Къомо эзарнаш шерашкахь хьалха дуьйна кхоьллина доьзал ларбен барамаш. Масала, несан шен марзахошца эвхьазаяла йиш цахилар, марзахой лара безар, мардас, марнанас бохург дохо йиш цахилар, царна дуьхьал дош алар эхь хилар. Нехан доьзална тIееанарг нус ю. Цундела къоман гIиллакхо ма Iамадарра, «хьо тIехиъначу ворданан илли ала».
И бохург дац зуда бакъо йоцуш ю бохург. Мелхо а, зуда даима а ларъеш хилла вайн къомо. Нагахь иза шен доьзалах йоьхнехь: «ХIун бахьана долуш?», – цуьнан марзахошкара жоп доьхуш хилла йоьIан верасаша.
Шайн юкъаметтиг эвхьаза ца яккха, мел шена хала делахь а, чекхъяла, таръяла хьажа езаш хилла нус. Цу тIе, ца хуьлчу даьлча, бераш шайн деца дуьсуш а ма-хилла, «ахь децIера ца балийна хIорш». Цундела олура вайн наноша «бер бахьанехь нанас лаьхьа а, пхьид а йиъна». Уьш доьзал вовшах ца бовлу, церан юкъаметтигийн чIагIйо хилла.
Нохчийн зуда маьрша хилла. Вайн луларчу къаьмнийн дахарехь – гуьржийн, хIирийн, гIалгIайн Iедалехь йисина зуда, жеро шолгIа маре наггахь бен ца йоьду. Ткъа вайн Iедалехь зуда маре яхарх и сийсазъеш Iедал ца хилла. «Истанг басар хиллалц басарде, нисдаллалц маре де». Вайн къоман зудчун демократични бакъонаш алсам хилла. «Ахь сан нах ца лерина» аьлла а цIа яхана меттигаш хилла. Вовшийн ларар, вовшийн нах ларар оьшуш хилла доьзал ларбарехь. Иза а къоман культурин чIагIо ю.
ХIусамда кхелхинехь, Iаьржачу духарца шен бохам нахала баккхар товш ца хилла. (Казахстанера цIадогIуш еана вай и «мода»). Шен вуон ша Iовшар, шех нахана бала цабар гIиллакх хилла. ГIиллакх – къоман культурин ондда чIагIо ю. Сан гергарчеран доьзалехь хилла ду иштта масал, къона да шен жима кIант говра хаийна вогIуш, воккха стаг дуьхьалкхетта. Воьхначу дас говран дуьрста дIахецна, кIант охьавоьжна, лазийна, цул тIаьхьа кхелхина. Воккхачунна хьалха шен бераца эвхьаза цахилар долчу гIиллакхна тIетевжина къона да. Кхузахь гуш ду-кх, къоман культурин гIиллакх и нийса ду-дац ца бохуш, жима-воккха а цуьнан гIортораш хилла ца Iаш, цуьнан йийсарехь хилар. Эзар-эзар шерашкахь къомо кхоьллинчу культурин дозанашкара арадалар къомо шена магийтахь, оцу къоман чIагIонаш, хиэ дашо латта санна еша, къам кхечу къомах къасто чIагIонаш дIаевлча и къам доха герга хилар ду. Дала лардойла вай вешан къоман билгалонаш ярах.
– Дукха хан йоццуш вайн республикехь дIаяьхьира «Пространство этносов в современном мире» цIе йолу Дуьненаюкъара 1-ра конгресс. Цигахь хьо йистхилча, хьан ойланан накъостий шаьш хилар хоуьйтуш, гулбеллачара, дукхазза а тIараш деттарца, тIеийцира хьан къамел. Тамара, стенах дара и къамел?
– Къилба федеральни университето а, Нохчийн пачхьалкхан университето а вовшахтоьхначу Дуьненаюкъарчу 1-чу конгрессе гулбеллера дуккха а пачхьалкхашкара цхьа бIе гергга хьеший. Уьш вовшахкхетаран бахьана дара тахана дуьненахь уггаре а алсам гIайгIа йолу тема йийцаре яр: «ХIун хир ду тIейогIучу хенахь кху дуьнентIерачу этносех а (халкъех, къаьмнех), церан культурех а?». Вайшимма а дийцира-кх вайн къоман культурин мехаллаш лахлуш хиларх лаьцна. Амма вайшинна вешан дай чухула духучу духарца (майкица) ца гина. Нагахь гой, нохчи кхачабалар хаа таро ю-кх вайн.
Ткъа телевиденис, Интернето нахана юккъе уьнан хьолехь яржош ерг бух боцу, орамна тIера йоцу, махьарлахь кхиъна йоцу культура ю. Иза французийн а, я американцийн а яц. Хууш ма-хиллара, Америка бух боцчу, кхелхина баханчу наха (вайн кица ду-кх «Кхелхина вахар, телхина вахар») кхоьллина пачхьалкх ю. Цара интернетехула адамийн хьех юлучу кепара чухецна шайн орам боцу культура.
Вай кхета деза хуьлучух. Масала, Къилба Африкехь вехачу цхьана Iаьржачу Iарбичун кIанта шен дуьнене болчу хьежаман, шен лааман «межарг», шен цхьа культурин форма, хуьлда иза видео я кино кхуссу интернета чу. Кхуззахь, Гихтахь Iаш волчу нохчийн кIанта боькъу (раскодирует) и «межарг», амма цуьнан чулацам бовза, Iаьрбин кIентан боллу дуьнене хьежам хила беза цуьнан. Нагахь и шиъ вовшех кхеташ велахь, цу шиннан культурин барам цхьабосса бу. Ишттачу культурех «универсальни», массеран а цхьабосса юкъара культура олу. Вай оцу тIегIанна тIе довлий, дукхах болчара боху вай цунна тIедоьлхуш ду, вай хIаллакьхир ду-кх.
ХIун хир ду этносех? Къаьмнех? Халкъех? Сагатдо вай.
Дицдан ца деза Делан дош: «Ас шу тайпанашкахь а, къаьмнашкахь а кхоьллина, шу вовшашна довзийта». Дов-зий-та! Довзарехь вай вовшашна хьашт хилийта, амма вовшех дIа ца иэн! ХIун хир ду вай дерриге а цхьабосса хилча? Соьга хаьттича, юкъара цивилизацин болам бу сацо таро йоцург а, массанхьа а цхьабосса хила хьакъ берг а. Масала, кема – иза муьлххачу а пачхьалкхехь кема хир ду. Амма хIора этносан культура – иза Дала Ша елла ю. Хьох я сох китайцаш хир яц, хьан а, сан а да-нана вай хаьржина а дац, ахь а, ас а дин а хуьйцур дац. Нохчи хила лаьа я ца лаьа ца хиттина вайга. Иза вайна Дала делла а, дохо йиш йоцуш а ду.
Къаьмнийн культурийн дукхалла цивилизацин цхьаллех ларлур ю. Адам коьртаниг ду аьлла, Дала деллачу Iаламах-зератах пхьалгIа ян адам доладелча хIаллакьхила йолаелла дуьненан исбаьхьаллаш халкъийн тайп-тайпанчу культурийн мехаллаша меттахIиттор ю. Иштта жоп нийса хета суна вай хIаллак ца хилийта хIун дан деза бохучу хаттарна. Сан санна ойла йолуш кхин философаш хиларо а суо бакъхиларх тешайо со.
– Вай олуш ду, стаг галваьлча доьзал буху, зуда галъяьлча къам духу. Хьо нохчийн зуда а, нана а хиларе терра, хIун эр дара ахь вайн мехкаршка?
– Мехкарий, йоIарий, зудабераш – экаме маргIалаш, даима вайн тидамехь хила дезаш ду. Ден-ненан, йиша-вешин декхар хилла Iаш а дац уьш лардар. Вайн массеран а декхар ду. Коьртаниг коч-мача, даа-мала хилла Iен дезаш дац. Йовза еза церан ойланаш. Уьш ийманан, къоман гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь латто еза. И цхьаъ ду.
ШолгIа, суна луур дара, вайн кханенан урх карахь йолу мехкарий кегийчу нехан хьал-бахаман хьесап дарх, церан маса машен ю, мосазза тIе-кIел дина цIенош ду бохучу ойланах хербелла, Дала шайна динчу совгIатах– безамах марзо эца хьекъал тоьуш хуьлийла. Мел дукха белахь а наха гулбинчу бахамна тIехь ирс кхоллар кIезиг хуьлу. Амма вовшашна гIо-накъосталла а деш, вовшех са а къералуш, шайн хьацарца, шайн къинхьегамца гулдинарг юьхькIоме а, эвхьаза а хуьлу. ХIара дуьне а адамашна юккъерчу безамо латтадо.
Да-нана безамца вовшахкхеттачу доьзалехь хаза а, хьекъале а бераш кхуьу. Ткъа иза вайн кхане ю.
Шемалан заман чохь шена ца везачу кIанте маре ца йоьдуш, дуьхьал яьллачу йоIана тIехула даьлла дов дерзош, нохчийн къаночо Шемале аьлла: «Тхо тIом бина нах ду, амма тхайн цIахь тIом безна нах дац».
Безамца бен доьзал а, хIусам а ца кхоьллина нохчаша. Безамца доцург дош а ца хетта царна. Безамца доцург дан а дац цхьа а дош…
– Тамара, Дела резахуьлда, хьайн хене ца хьоьжуш, тхан хаттаршна жоьпаш даларна. Даггара декъалйо хьо Философин дерригдуьненан денца. Дала аьтто бойла хьан.
Т.САРАЛИЕВА
Суьрта тIехь: философийн Iилманийн доктор Мазаева Тамара
