ХIокху деношкахь ХIинжа-ГIалахь (Дагестан) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула 1998–2000-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь СКФО-хь хьалхеяккхаран турнир.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь ван толамхой хилира: Яхьяев Аслан (55 кг.) – ГIебартойн-Балкхаройчоь, Амаев Абу-Муслим (60 кг.) – Нохчийчоь, Гукаев Давид (63 кг.) – Къилбаседа ХIирийчоь, Минатулаев Айгазы (67 кг.) – Дагестан, Димаев Шамхан (72 кг.) – Нохчийчоь, Мирзаев Милад (77 кг.) – Дагестан, Нургаджиев Расул (82 кг.) – Дагестан, Абубакаров Сайд-Мохьмад (87 кг.) – Нохчийчоь, Алиханов Шарип (97 кг.) – Дагестан, Хаджиев Мохьмад (130 кг.) – Нохчийчоь.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна болу церан тренерш: Р.Алиев, А.Бициев, А.Магомадов, М.Мутаев.
Оцу турнирехь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду оханан (апрель) баттахь Уфа гIалахь (Башкартостан) хинйолчу Россехь хьалхеяккхаран турнирехь.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо