Бекарг беттан 23-гIа де, 1939-гIа шо. ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь вина Давлетмирзаев IабдулмутIелип, актер, Россин Федерацин халкъан артист, Россин Федерацин Пачхьалкхан совгIатан лауреат.
Дешна театран, музыкин, кинематографин Ленинградерчу институтехь.
1962-чу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драмтеатрехь ву.
40 шарал тIехъиккхинчу актеран дахарехь Давлетмирзаев IабдулмутIелипа нохчийн театран сцени тIехь кхоьллина 100 сов васт: Лоренцо («Ромео а, Джульетта а» У.Шекспир), Печорин («Бэла», М.Лермонтов), Бож-Iела («Бож-Iела», I.Хамидов), Леонардо («ЦIий Iанийна ловзар», Г.Лорка), Фердинард («Ямартло а, безам а», Ф.Шиллер), Сталин («44-чу шеран августехь», А.Гельман), Шемал («Маршо я Iожалла», М.Солцаев), ГIойтамир («БIешерийн бодашкара», И.Базоркин), иштта кхин а.
Билггал а, воккха актер ву Давлетмирзаев IабдулмутIелип, Россехь уггаре а бевзаш болчу актерашца (аьр вай, И.Смоктуновский, И.Лавров, М.Ульянов…) цхьана могIаре хIотто хьакъволуш.
Цуьнан говзаллин мах хадош цхьа бакъдерг дало мегар ду: тIаьхьарчу 40 шо гергга хенахь Нохчийн театран сцени тIехь хIиттийначу спектаклашкахь коьрта ролаш ловзийна цо. Оцу кепара болх бан доккха хьуьнар оьшу.
Нохчийн театран уггаре а гоьбевллачу актерех цхьаъ ву Давлетмирзаев IабдулмутIелип.
Бекарг беттан 24-гIа де, 1948-гIа шо. Казахстанан Джамбулан областан Чокпар гIалахь вина Паскачев Асламбек, экономикин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.
Дешна Ростоверчу халкъан бахаман институтехь (РИНХ), СССР-н Министрийн Советехь хиллачу Халкъан бахаман академехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн АССР-н Госпланехь (лакхара экономист, председателан хьалхара заместитель), «Чеченингушплодовощхоз» АПО-хь (отделан куьйгалхо, генеральни директоран заместитель), КПСС-н Шеларчу райкомехь (хьалхара секретарь), РФ-н Правительствехь йолчу Халкъан бахаман академехь (кафедрин профессор), иштта кхечу меттигашкахь.
1997-чу шарахь дуьйна РФ-н налогийн органашкахь болх беш ву (коьртачу аппаратехь жоьпаллин даржашкахь).
Iилманан 100 сов белхан автор ву А.Паскачев. Царна юкъахь ю масех монографи а («Трудовые ресурсы Чечено-Ингушской Республики», «Экономические и методологические проблемы вхождения в рынок. Чечня и Ингушетия», «Налоговый потенциал экономики России», «Большой толковый словарь налоговых терминов и норм», «История налогов России», «Система платного природопользования в Российской Федерации», иштта кхин а).
Жигара дакъалоцу Россин а, Нохчийн Республикин а юкъараллин-политикин дахарехь.
№22, пIераска, бекарг (март) беттан 23-гIа де, 2018 шо