Промышленностан а, энергетикин а министерствехь – керла куьйгалхо

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Указаца республикин Промышленностан а, энергетикин а министран дарже хIоттийна Масаев Ризван. Иштта хаам бина цо ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

ХIинццалц оцу даржехь Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер – республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан куьйгалхо Байтазиев Муслим вара.

«Сан сацам хилла республикин Промышленностан а, энергетикин а министран дарже Масаев Ризван хIотто. Иза теплоэнергетикин гIирсаш барехь Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а уггаре а яккхийчу предприятех цхьаъ йолчу «Теплостройпроект-С» фирмин коьрта директор вара хIинццалц. Суна иза вевза 20 шо сов хан ю. Оцу хена чохь цо ша говзанча а, тешаме накъост а хилар гайтина», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Иштта, Кадыров Рамзана хаийтира лакхахь хьахийначу «Теплостройпроект-С» предприятехь ша хилла хилар.

«Масаев Ризвана и предприяти кхоьллина ца Iаш, цуьнан болх лаккхарчу тIегIане а баьккхина. Цуьнан цехашкахь теплоэнергетикин гIирсаш бо», – билгалдаьккхина цо.

Цул сов, предприятих лаьцна а довзийтина республикин Куьйгалхочо.

«Керла цехаш а, филиалаш а схьа а йоьллуш, кхуьуш ю предприяти. 300 вахархочунна белхан меттигаш а латтайо цигахь. Фирмин цехашкахь тайп-тайпана гIирсаш а, сурсаташ а до – хидохдийрашна а, котелашна а тIера кондиционерашна а, гIагI диллинчу корашна-неIаршна тIекхаччалц. Аьчкан конструкцешна тIехь болх барна лерина цехе а хьаьжира со. Заказаш Нохчийчуьра а, Россера а хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара а цхьаьна ю», – тидам тIебахийтина Кадыров Рамзана.

Масаев Ризвана хаийтира цхьадолчу гIуллакхашкахь предприяти Россин инновацийн «Сколково» туьшаца а, Италерчу предприятешца а зIенаш латтош хилар. Иштта, предприятис къаьсттина тидам тIебохуьйту республикехь «Кхетаме цIа» а, «Кхетаме гIала» а проекташ кхочушъярна.

Билгалд аккха догIу «Теплостройпроект-С» предприяти «Ахмат Тауэр» бIов а, махлелоран-самукъадаккхаран «Грозный Молл» туш а, «Ведучи» курорт а ярехь дакъалоцуш хилар.

И.ИСЛАМОВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: