Нохчийн Республикин Автомобилийн некъийн министерствон коллективо даггара декъалво хьо винчу денца, лаьа дуккха а шерашкахь хьо могаш-маьрша вехийла, республикин дуьхьа бечу балхахь хьан бIаьрла кхиамаш хуьлийла!
Тахана башха дика бахьана ду оха хьан боккха сий-ларам беш хилар, республикин некъийн дакъа кхиорна ахь йоккха хазна юкъайилларна оха хьуна даггара баркалла бохуш хилар дIахаийта. Хьан цIарца доьзна ду регионан некъийн бахам когахIоттар а, цунах Нохчийн Республикин Автомобилийн некъийн министерство яр а.
Ахь говза куьйгалла а деш, хьуьнаре а, тIетаьIIина а болх бечу шерашкахь кхочушйина бIеннаш доккха маьIна долу а, мехала а проекташ. Шо-шаре даларца Нохчийчуьра некъийн «пхенаш» тIеттIа бегIийла а, кхерамаза а хилла дIахIуьттуш ду. Некъийн дикалла лакхаяларца цхьаьна алсамдовлуш ду дика некъаш. И дерриге а бахьана долуш вайн некъаш Къилбаседа Кавказехь а уггаре тоьлла лерина. Вайн некъех баккхийбеш а, цецбуьйлуш а бу республике кхаьчна хьеший.
Хьан дикаллех лаьцна дийца дуккха а ду. Дика стаг а, говза куьйгалхо а ву хьо. Балхахь гулдинчу зеделлачо, башхачу амало, хьалха хIиттийна декхарш лаккхарчу корматаллица кхочушдан хааро таро ло хьуна дуккха а шерийн дохаллехь жоьпаллин даржашкахь кхиамца къахьега, хьайгара къинхьегаман доккха хьуьнар гайта.
ПохIме вовшахтохархо а, сий-лараме куьйгалхо а ву аьлла, цIе яккхийтина хьан хьо балхана чIогIа хьуьнаре хиларо, дан дезачунна сема хиларо, хьанал хиларо. Ткъа хьан дикачу амалша, кIеда-мерза, аьхна, адамех кхеташ хиларо а, оццу хенахь хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь лехаме, юхавер воцуш хиларо а республикин куьйгалло а, ткъа иштта некъийн бахаман белхахоша а, некъех пайдаоьцучара а боккха сий-ларам баре кхачийна хьо.
ХIокху дезачу дийнахь даггара лаьа хьан гергарчеран а, уллерчеран йовхоно, доттагIийн а, белхан накъостийн а гIо-накъосталло хьайн ерриге а Iалашонаш, лаамаш, сатийсамаш дахарехь кхочушбан хьо хьуьнаре войла а, хьуна керла ницкъ лойла а.
Лаьа дуккха а шерашкахь хьан ондда могашалла хуьлийла, хьо ирсе хуьлийла, хьан аьтто хуьлийла, хьуна синтем хуьлийла!
Дахаро керлачу лакхенашка кхачавойла хьо, керла таронаш схьайоьллуш, царах пайдаэца бегIийла хьелаш кхуллуш!
Дала декъалвойла хьо! Дала аьтто бойла хьан!
Боккхачу а, цIеначу а сий-ларамца,
Нохчийн Республикин Автомобилийн некъийн министерствон коллектив
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо