Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Мисарарчу Александри шахьарахь кхерамазаллин службин урхаллин куьйгалхо вен дагахь кIело йира террористаша, машен а оьккхуьйтуш. Цунна зен-зулам ца хиллехь а, оцу бохамехь 2 стаг кхелхина, 5 стагана чевнаш хилла. Полицин белхахоша а, эскархоша а дIахьош ду зуламхой лахар а, талламаш бар а. Iедалан векалша дIахьедина террористаш карориг хилар а, царна хьакъ доллу таIзар дийриг хилар а.
***
Iамаркерчу Вашингтон а, Нью-Йорк а, кхечу а гIаланашкахь яккхий митингаш дIаяьхьира. Полицис бечу хаамашца, цигахь дакъалецира масех бIе эзар стага. Царна юкъахь хьехархой а, дешархой а, студенташ а бара. Цара Конгрессе доьхура герзаш лелон бакъо луш долу закон хийцар. Цу тайппана митингаш дIаяхьар доьзна дара тIаьхьарчу хенахь школашкахь герзаш деттар алсамдаьлла хиларца.
***
Францин къилберчу цхьана йоккхачу туьканахь, амалтхой а лоьцуш, зулам дарца доьзна (цигахь 4 стаг кхелхира, царна юкъахь 1 полицихо а вара, амалтхой дIахоьцург террористийн каравахана волу) кхерамазаллин Советан кхеташо дIаяьхьира Францин Президента Э.Макрона. Цигахь дийцаре дира юкъараллин меттигашкахь кхерамазаллина кхачоярехьа дан деза гIуллакхаш.
***
Гуманитарни соцунгIа дIакхайкхийна хиларх пайда а оьцуш, Шемарчу Малхбалерчу Гутера араваьлла 106 эзар маьрша стаг. Иштта, оцу меттигера араваьлла лаххара а 4 900 террорист а, церан доьзалш а. Малхбален Гутера арабевллачу маьршачу бахархошна кхачанан сурсаташца а, тIеюхучу хIуманашца а гIо-накъосталла деш бу Россин эскархой а, ткъа иштта, гуманитарни организацийн векалш а.
***
ТIаьхьарчу деношкахь некъан-транспортан баккхий бохамаш хилла цхьамогIа пачхьалкхашкахь. Ша аьлча, Эквадорехь пассажирийн автобус кхечу машенех кхетар бахьанехь 12 стаг кхелхина, 18 стаг лазийна, ткъа Танзанехь хиллачу некъан бохамехь 24 стаг кхелхина, 10 стаг лазийна. Иштта боккха некъан-транспортан бохам хилла Мозамбикехь а. Цигахь 20 стаг кхелхина, 30 стаг лазийна.
***
США-н Президента Д.Трампа масех де хьалха куьг яздина 2018-чу шеран бюджетан хьокъехь долчу законна. Цуьнца билгалдоккхуш ду Украинина гIо даран Iалашонца къастош долу ахча алсамдаккхар. Иштта, Россина дуьхьал къийсам дIабахьарна еш йолу харжаш дикка алсамъяха дагахь ю Iамарк, оцу законаца нийса а догIуш.
***
ОвгIанерчу террористаша цхьана маьждига чу а лилхина, цу чохь эккхийтар дина. Оцу бохамехь 3 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш йина. Бакъонашларъяран органийн белхахоша хIаллакбина и зулам дина болу террористаш. Хьаххийначуьра аьлча, тIаьхьарчу цхьана-шина дийнахь 60 сов террорист хIаллаквина мехкан кхерамазаллин службин белхахоша.
***
Узбекистанера ГIиргIизойчу цIерпошташ лелачуьра сецна дикка хан яра. И бахьанехь шина пачхьалкхера пассажираш дIасалеларна а, киранаш дIасакхехьарна а яккхий новкъарлонаш нислора. Иза хьесапе а эцна, шина пачхьалкхан куьйгалхоша сацам бира и кхачамбацар дIадаккха а, бахархошна дIасалела бегIийла хьелаш кхолла а. Иштта, кхо де хьалха Ташкентера дуьххьарлера пассажирийн цIерпошт кхечира Иссык-Куле. Даздаран хьолехь тIеийцира иза меттигерчу Iедалан векалша а, бахархоша а.
***
Кемероверчу махлелоран туьшан цхьана цIийнах йоккха цIе елира бекарг (март) беттан 25-чу дийнахь. ЦIаро дIалаьцнарг 1500 квадратан метр яра. ЦIе доьалгIачу гIат тIехь яларна, яккхий халонаш нислора цу чуьра нах арабахарехь а, цIе яйъарехь а. Оцу бохамехь 5 стаг кхелхина. Царах 3 бер ду. Лазийнарг 20 стаг ву. Бохамах 250 сов стаг кIелхьараваккха аьтто баьлла.
***
Алтайн крайхь а, Хакаси республикехь а, цIеххьана йохъялар бахьанехь, хиш дистина, ярташка хьаьвдда. Алтайра йиъ юрт хин йийсарехь ю. Иштта хьал ду Хакасехь а. Цигара бахархой ханна кхечу меттигашка дIакхалхош бу. Шане хи сеца ца дайта, шанаш лоьлхуьйтуш бу МЧС-н белхахой. Цара шайн ницкъ кхочург до хиш дестаран бохам бахархошна дукха лазаме ца балийтарехьа.

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: