Республикин Конституцин де даздира

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин театральни-концертийн залехь даздаран хьолехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Конституцин де.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас, республикин бакъонашларъяран органийн дакъойн командираша, юкъараллин векалша, кхечара.

Даздарш дIадолийра Россин а, Нохчийчоьнан а гимнаш лакхарца. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Конституци тIеэна 15 шо кхачарна лерина видеокийсак гайтира.

«Вайна массарна а дика дагадогIу вайн республика муьлхачу хьолехь яра. Уггаре а хала даьхкинчу шерашкахь нисделира Конституци тIеэцар. Шен халкъ хIаллакьхиларх кIелхьарадаккхаран дуьхьа Ахьмад-Хьаьжас гайтина хьуьнар дара иза. Цуьнан коьрта Iалашо яра Нохчийчуьра тIом чекхбаккхар. Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин боккха лаам хилар бахьана долуш биллира халкъо маьршачу дахаран, кхиаран бакъонийн бух. Цундела къаьсттина деза долчу денойх цхьаъ ду таханлериг», – элира Даудов Мохьмада.

Шен къамелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Конституци тIеэцарца бахархойн бакъонаш а, паргIато а, законехь долу хьашташ а лар а деш, республика нийсачу новкъа яьлла хилар.

«Халкъ, цхьа а бакъо а йоцуш, уггаре халачу хьолехь долчу хенахь тIеицийра Конституци. Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина массо а хIуманал деза дара халкъан хьашташ. Нохчийн Республикин Конституци тIеэцар бахьанехь, Россин юьззина бакъонаш йолу гражданаш хилла вайх», – элира Кадыров Рамзана.

Иштта, республикин Куьйгалхочо нохчийн халкъана баркалла элира дукха хан йоцуш дIабаьхьначу Россин Президентан харжамашкахь жигара дакъалацарна, шайн граждански декхар кхочушдарна.

Даздаршкахь вистхиллачу Нохчийн Республикин Конституционни суьдан председатела Насуханов Вахас билгалдаьккхира шен халкъ кIелхьарадаккхаран дуьхьа Кадыров Ахьмад-Хьажас шегара хьуьнар а, доьналла а гайтина хилар.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, нохчийн эстрадин артисташа концерт гайтира.

А.АЛИЕВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: