Нохчийн Республикера оперативни хьал

Наркотикаш схьаяьхна

ХIокху деношкахь оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь полицин белхахоша Соьлжа-ГIалахь а, Шелан а, Гуьмсан а кIошташкахь а ялх меттехь гучудаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.

Полицин белхахоша кара а йина схьаяьккхина 110 грамм хиллал ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик.

Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.

Шайгара наркотикаш схьаяьхначу гражданаша динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю («Законехь доцуш наркотикаш а, корта бахош йолу хIуманаш, царах терра йолу кхин хIуманаш а, йохк-эцар, лелор, дIасаяхьар а, яр а, кечъяр а»).

ДIахьош таллам бу.

Некъан хьовзамаш

Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла.

Соьлжа-ГIалин Трошевн урамехула Назарбаевн (Маяковскийн) урам болчу агIор вогIуш хиллачу 1987-чу шарахь вина волчу ВАЗ-2110 автомашенан водитела, автомобилана урхалла дарца лара цавар бахьанехь, электросерло бIогIамна тIетоьхна шен автомашен.

Некъан-транспортан бохамехь лазийна, 2 пассажир Соьлжа-ГIаларчу Сихачу медицинин гIоьнан республикин клиникин больницин реанимацин а, нейрохирургин а отделенешка вигна.

Некъан-транспортан бохаман хьокъехь дIахьош таллам бу.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: