Эхьцахетар а ду доккха эхь

Нахехь а, соьгахь а дисина гIиллакх, аьлча а, оцу гIиллакхах кху заманахь лела дисинарг, базарахь, юкъараллин транспорта чохь, урам-новкъахь, диканехь-вонехь дика го.

Гуш, хезаш дерг диканиг ца хилча новкъа деана ца Iаш, даге, коьрте долу. Вайна юкъахь диканиг ца дисина а ца боху ас, амма иза мел дукха хиларх вониг гича, хезча цомгаш дой, дохийна дог дехачу дийнахь кхин метта ца догIу.

Юьртара гIала йогIучу «Газель» олучу микроавтобус чохь дара иза. Микрорайонехула, Нохчийн пачхьалкхан университете боьлху студенташ охьабуьссуьйтуш, Соьлжа-ГIалин юккъе йирзина машен. Университете кхаьчча охьайоьссинчу йоIа меллаша тIекъевлинчохь йисира машенан неI. Водитела неIарна уллехь хиъна Iачу йоIе дийхира неI юха, чIоггIа тIетухуш тIечIагIахьара аьлла.

«Со хIара неI схьаеллий, тIекъовлий хиъна яц хьуна кхуза»! – аьлла, мохь тоьхна ша хиъна Iачуьра хьалагIаьттина тIехьарчу могIарехь долчу гIента хиира йоI. Водитель цу йоьIан дел а дукха воккха хила там болуш вара.

Ма къен дара, нохчийн йоI, тахана ахь сел атта, сел къаьхьа аьлларг, хьалха дIаяханчу заманахь йоIа ала…

Ма хала дара хьалха дукха генара зама а ца юьйцу ас, 20–30 шо хьалха и саннарг нохчийн халкъалахь, нохчийн махкахь хир ду, хезар ду бохучух теша! Водитель велавелла IадIийра, йоьIан нийсархоша а ца элира дош.

ХIора Iуьйранна цхьаьна cхьабогIуш болчу нахана дика евза хир ю шайн накъост, царах цхьа а вист ца хуьлуш Iийча, со-м бакъдерг дийцича къамкъарг якъаелла йисира.

Ткъа «кхузаман йоI» шен лергаюхкурш тIейоьхкина, музыке ладугIуш йогIура. Иштта гIиллакх доцу йоI, кIант мичахь, хIун яош, хIун олуш кхиадо техьа наноша?

Зама, телевидени, интернет, вай дукха хIуманаш дагардийр ду бехке дерг лаха гIерташ. Бехкениг йоьIан нана хета суна. ГIиллакх-оьздангалла базарахь, пхьоьханахь, театрехь Iамош дац берана, шен цIахь Iамош ду. Иза берана шен чохь, доьзалехь, дегара-ненера Iама дезаш ду.

Дехачу дийнахь минотана а дагара ца долура оцу йоIа аьлларг.

Тахана цецдуьйлу вай къона зударий марера боьхча, цаьргара бераш схьадаьхча. Иштта бен кхин оьзда ца хилча оцу йоIа кхиийначу йоIах хIун хир ду 20–25 шо даьлча?

Наноша кхиош ву доьзалхо. Наноша кхоош кхиийначу кегийчу нахах бу тахана шайн хIусамнанойн, берийн дола ца деш, зуда схьаялоран метта, зудчунна тIе бахана Iаш берш.

Царна эхь ца хета шайн берана юург, коч-мача стунанас латтош хилар. КIант ледара кхиийча нехан йоI дакъаза йолу, йоI оьзда ца хилча цхьа нах дакъаза бовлу. Вайн заманахь санна дукха ца дийцина хьалха гIиллакхах, оьздангаллех лаьцна.

Хьехамаш бу хIора дийнахь телевиденехь, газетехь, радиохь беш, амма уьш тракторан гIовгIанал башха хеташ бац, вайн дегнаш дашош, Iабош, кIаддеш бац.

Хьалха, шарахь цкъа бен аьтто ца хуьлура дукхах болчийн доьзалшкахь мовлад дешийта нах чукхайкха. Чубаьхкинчу баккхийчу наха мовлад а доьшура, назманаш а олура, цул тIаьхьа хIора дош шен меттахь олуш, хаза хьехамаш а бора. ЛадугIуш Iара кертахь мел верг, кегийчарна тоьаш дара шаьш чохь битича а.

Корийн терхешна а, неIсагIехь а хевшина я дIахIиттина Iара уьш, дуьйцург хезаш хилларх баккхийбеш. Цкъа, хезна хьехам дийнна шарна тоьаш бара хьоьгахь ийман, собар хилийта.

Яхана зама хаза хиллера олий боьлхура вайн лулара, гергара баккхий нах. Мацалла, гIело гина, лайна болчу царна хIунда хета техьа яхана зама хаза а, мерза а олий хетара. ХIинца хаьа, хIетахь вайн баккхийчу наха яхана зама хаза яра алар хIун дара. Беркъа, меца, гIийла хиллехь а, оьзда хилла вовшашца. Эхь хилла.

Эхьцахетар а ду доккха эхь.

З.ЦЕНТОРОЕВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: